Литмир - Электронная Библиотека
Содержание  
A
A

– Iаламан законаш хийца ницкъ бац-кх вайн, – ши куьг дIасатесира Лорис-Меликовс.

Ши инарла цхьана йукъана дIадаханчу шерийн ойла йан вуьйлира.

3

1839-чу шеран аьхка, шеца кхойтта эзар салти а, ткъе итт йоккха топ а, виъ эзар гергга дагестанхойн милцо а волуш лаьмнашка ваханчу инарла Граббес гуо бира Шемал чукъовлавеллачу Ахульго йуьртана. Буьззинчу шина баттахь турпала дуьхьало йиначул тIаьхьа йуьйхира имаман тIаьххьара чIагIо. Цигахь Iожалла хилира Шемалан йишин, зудчун, жимачу кIентан.

ВорхI накъостца кIелхьарвала аьтто нисбелла Шемал, шен доьзалца цхьаьна йаккхий халонаш а хедош, лаьмнашкахула лечкъаш, ведда, шен доьзалца Нохчийчу веара.

1785-чу шарахь дуьйна схьа оьрсийн эскаршна дуьхьал хаддаза къийсам латтош йара Нохчийчоь. Йуьхьанца цунна коьртехь шайх Мансур вара, тIаккха – массанхьа а цIейахана Таймин Бийболат. Цхьана йоццачу ханна соцура тIом, амма къийсам бацара цкъа а соцуш. Малхбале Нохчийчоьнан бахархоша къобалвина тIелецира цкъа хьалха ГIеза-молла.

Амма инарла барон Розен коьртехь цига йинчу экспедицеша, кхузткъа йурт а йохош, къиза хьаьшира Нохчмахка.

Шемалан имамаллин хьалхарчу пхеа шарахь оьрсийн инарлаш кIезиг гIертара Нохчийчу, амма цуьнан малхбале декъа тIе, Нохчмахка, сих-сиха экспедицеш йора. Цунна шен бахьанаш дара командованин. Дагестанца дерг чекх ца даьлча, хIокху Кавказехь уггар воккха а, нуьцкъала а дуьхьалонча – нохчий – меттах ца хьебеш буьтура цо. Амма, Ахульго йоьжча, берриг а ницкъ Нохчийчу теттира.

ШовзткъалгIачу шеран йуьххьехь Нохчийчохь тIеман-колониалальни урхалла хIотто долийра правительствос, xIop a итт доьзалера цхьацца топ a, xIop a итт стагах цхьаъ амалтана а вийхира. Цуьнца цхьаьна, кхузахь тIеман чIагIонаш йан, ткъа йарташ цига, йаккхийчу тоьпийн биргIанашна кIел, кхалхо йолийра.

ТIаккха Нохчийчохь йукъара гIаттам болабелира.

ГIеттинчу халкъана баьчча вийзира. Нохчийчохь кIезиг бацара майра, хьекъале, хьуьнаре а къонахий, тIеман баьччанаш а. Амма гIеттинчу халкъана ца лиира цхьа стаг къастийна лакхаваккха. Нохчашна гора шайн феодалийн Iедалан Iазапна кIел дохку лулара къаьмнаш. Цаьрца дуьстича, йоккха маршо йолу нохчий кхоьрура цкъа айъина стаг гуттаренна а оцу лакхенгахь висарна, шайна йуккъехь элий кхиарна, цара шаьш, и лулахой санна, Iазапе дохкарна. Нахана дагавеара кхуза ведда веана, Нохчмахкахь а, Органан лакхенца а лечкъаш лела Шемал. Сацам хилира иза гIаттаман коьрте хIотто. Iедалца дерг чекхдаьлча, тIехьа мийра а тоьхна, Дагестане дIахьажо атта хир ду, бохура.

ТIаккха, хьалха санна, дIанислора дерриг а.

Шемала воккхавеш тIелецира нохчаша шега кховдийна имамалла. Дукха хан йара хIокхо лаьмнашкарчу къаьмнех уггар доккхачу, майрачу бIаьхаллин къоман коьрте хIотта а, иза шен буйна долла а цо сатуьйсу. ХIинца вохийначу, шена иэхь динчу паччахьан инарлех а, шена уггар хала киртиг тIехIоьттинчу хенахь, шен дедоьхначу хенахь паччахьан инарлашна гIo динчу, ша махкахваьккхинчу шен махкахойх а бекхам иэца.

* * *

Нохчийчохь баккхий иэшамаш хила буьйлира оьрсийн эскарийн. Шо-шаре мел дели, кхузахь сирла къиэгара Шемалан седа. ХIинца тIекхечира дегIастанхой тIеберзо хан а. Шемала Iаламат говза, хIиллане пайдаоьцура оцу дагца шалхо йоцчу нохчех. Цо хестадора оцу къоман турпала дIадахнарг, кхайкхадора иза кху лаьмнашкахь массо а къомал доккха, майра, нуьцкъала а, оьзда а ду, иза кхечу къаьмнашна коьртехь хила хьакъ ду бохуш. Доцца аьлча, нохчийн дегнаш чу этнически куралла йуттура цо.

Амма, ша Нохчийчоьнан а, Дагестанан а имам чIагIвелла ваьлча, нохчашкара шена кхерам хаабелира Шемална.

Цундела кхузахь хьекъалечу Шемалан политикин коьрта Iалашо йара нохчийн тайпанашний, тукхамашний чоьхьара а, вовшашца а зIенаш малйар, ма-хуьллу царна йуккъе цатешам боллар, шена кхераме хир бу аьлла хета тхьамданаш, къаьсттина – Iеламчаш, йуьстахбахар а. ШовзткъалгIачу шерашкахь цхьацца шеконе бахьанашца, тIамехь а, чIирхоша бойъуш а дIабевлира нохчийн тхьамданаш: Джоватха, Iумха, ШоIип-молла, Соиб, СаьIид-Молла, Элдар, Ших-Iабдулла, Оьздамар, Домби; Кубанал дехьара ламанхой гIовтто а, церан гIаттамашна тIехь куьйгалла дан а хьовсийна Мохьмад-Гери, Мохьмад-Хьаьжа, Сулиман-Молла, Юсуп-Хьаьжа, Мохьмад-Эмин а. Цхьаберш белча, кхиниш Нохчийчуьра дIабевлча, 1847-чу шарахь шегара имамалла шен тIаьхьенга долуш кхайкхо гIоьртира Шемал. Нохчийчохь, Эвтарахь, шен имаматера наибаш а, Iеламчаш а гулбина, цигахь цо дIахаийтира шен ойла. Амма нохчийн наибаш сацамболлуш дуьхьалбевлира Шемална. Хьо велла йа дIаваьккхина, имамаллин меттиг мукъа йисахь, имамалла тур ира долчуьнга дIалур ду шаьш аьлла.

Шемалан имаматан тIаьххьарчу ткъа шарахь цуьнан экономикин бух а, цунна тIемалой а латториг Нохчийчоь йара. Цул сов, Шемалан генералитетан дукхах а, уггар хьуьнаре, говза а тIеман начальникаш бара нохчийн наибаш.

ХIетте а, тIеман гIуллакхаш дуьззина нохчийн наибашкахь дитинехь а, амма царах а, йа нохчийн динадайх а цхьа а шен политикин, идеологин аппаратан органна – диванна – йукъа ца вуьтура Шемала. Диване ховшурш дагестанхойн наибаш а, динадай а бара.

* * *

ШовзткъалгIа шераш чекхдовлуш имаматан лакхенгахь масех «политически парти» кхоллайелира. Уьш вовшашна а, Шемална а дуьхьал йара. Доцца аьлча, шайн-шайн хьашташ кхочушдан гIepташ, интригаш лелайора цара. Оцу партешна йукъабоьлхура султанийн а, бекийн а цIийнех схьабевлла нах. Церан лидерш бара наибаш Дениел-бек Елисуйский а, Кибит-Махьма Каратинский а, Хьаьжа-Мурд Хунзахский а. Цкъацкъа Дениел-бекан партигахьа волура цуьнан нуц волу Шемалан кIант ГIеза-Махьма а. Амма хIокхо лелориг, дений, стундений йуккъехь машар бан гIертар бен, кхин, xIapa ду аьлла, хIума дацара.

Оцу кхаа партийн, йа, нийсса аьлча, церан лидерийн шайн-шайн Iалашо йара. Дениел-бека а, Хьаьжа-Мурда а оьрсийн инарлашца къайлаха барт бора, Шемал царна вохка. Оцу йамартлонан мехах шен хьалхалера Елисуйский султанат а, инарла-майоран чин а, цаьрца доьзна сий а, хьал а йухадерзо гIертара Дениел-бек. Ткъа Хьаьжа-Мурд Шемалах Аварски ханство, Кибит-Махьма – имамалла иэца гIертара.

Нохчийн наибаш дакъалоцуш бацара Шемална дуьхьал къайлаха барташний, интригашний йуккъехь. Нагахь Дениел-бек а, Хьаьжа-Мурд а, оьрсийн правительствона Шемал а воьхкина, шайн хьалхалера хьал, сий а йухадерзо гIерташ хиллехь, нохчийн наибийн дацара йамартлонан мехах иэца хIумма а. ХIара тIаьхьарниш оцу лакхенга айъинарш церан хьал а, хьаькамаллин лерамаш а бацара, уьш шайн майраллица а, хьуьнаршца а кхаьчнера цига. Правительствоца барт хилча, дерриг а довра церан, амма хIумма а кара ца догIура. Нохчийн наибаша оцу aгIop шена йамартло йарна ца кхоьрура Шемал. И кхоьрург кхин дара. Оцу къоман доккхалла а, ницкъ а, церан мехкан потенциалан хьелаш а, церан политикин а, экономикин ницкъаш а, и къам кху лаьмнашкарчу кегийрачу къаьмнех дозушцахилар а.

Кхин цхьаъ а дика хаьара Шемална: тIаьххьара и ницкъ кхачабаллалц нохчаша шайн маршонехьа, бозушцахиларехьа колонизаторшна дуьхьал луьра къийсам латтор буйла а, амма, и ницкъ кхачийна, кIелбисча, шех а, оьрсийн правительствох а цхьаъ къасто дезча, ша дIа а эккхийна, уьш мостагIчуьнгахьа бевр буйла а.

Шемалан а, оьрсийн правительствон а политико цатешам а, цабезам а боьллира бIешерашкахь вовшашца вошаллин гергарлонаш хиллачу, цхьанна тIе кхерам, бохам беъча, вовшашна тIетийжинчу нохчашний, дагестанхошний йуккъе.

4

Стоьла тIехь лаьттачу жимачу графин чуьра хи стаки чу а доьттина, сутара дIамелира командующис.

– Мекара а, къиза а политик вара хьан Шемал, – элира цо, бетах йовлакх а хьокхуш. – Доцца аьлча, ламанан Талейран. Къаьмнаш «доькъуш Iедал латтаде» боху ширачу римлянийн принцип йара цуьнан политикин бух. Цо Нохчийчохь и политика дIа ца йаьхьнехь, нохчашца дерг чекхдала хIинца а мел гена хир дара. Церан патриотизм, маьрша ойла йиэн, гергарлонийн зIенаш хедо, халкъан гIиллакхаш а, амалш а хIаллакйан, оцу нохчех шен леш бан Iалашо йолуш, Нохчийчохь нуьцкъаха Iадат дIа а доккхуш, шариIат хIоттийра цо. Атталла церан хьуьжаршкахь бераш Iамо нохчийн молланашна тешам ца лора, цига а дагестанхой балабора. Нохчийчоьнан бахархой вовшашна айкхбийла, шпионаж лело Iамийра. Дуьхьало йинчийн даьхна кортош хуьлура диллина дIа кертийн хьокхаш тIехь дохкуш. Халкъ, талош, чIанадаьккхира наибаша. Адам гIазотан тIаме кхойкхуш. Шемал ца гIеттинехьара, ламанхошний, оьрсашний йуккъехь тоххара машар хилла хир бара.

8
{"b":"858171","o":1}