Литмир - Электронная Библиотека
Содержание  
A
A

– Барин, хьай Делан дуьхьа! Со маре йоьдучу буса айхьа дайъина сан сий ца тоьу хьуна! Оцу берах мукъане а иэхь хетахьа. Иза-х дерригенах кхета.

Барин, ка хьалха а тесна, тIекхета санна, тIегIертара.

– ХIетахь дуьйна диъ шо даьлла. ХIинца хьо муха йу хьажа лаьа суна. Ас бохург де, гIовгIа а ца йеш… Йа, ас уггар къиза помещикаш лехна, цхьаццанхьа дIадухкур ду хьо а, хьан майра а, кIант а!

Барино, цIеххьана катоьхна, пхьарс лаьцна, дIаозийра иза.

– ХIан-хIа, ахь йийча а, дийр дац ас ахь бохург, – карара пхьарс схьабаккха гIерташ, йеттало нана охьайуьйжира.

Баринан андий пIелгаш чудиссинера цуьнан кIайчу, кIедачу пхьаьрсах. Иза шена тIаьхьа ца йогIий хиъча, схьалаьцна, цуьнан месаш куьйгах хьарчийна, дIатакхийра цо.

– Ваня! Орцахвалахьа, Ва-ня! – мохь оьхура ненан.

Васяс, ша хIун до ца хууш, кхоссавелла настарх хьаьрчина, лекхачу эткан бертигал лакхо цергаш тесира. Лазийначу барино ластийна мийра чоже кхетта Вася, керчина, масех метр дIавахара.

– Вася! Васютка! Сан бер!.. – ненан мохь хезира цунна ша синкхетамах волуш.

Кхетаме веача, шена уллохь, йерриг йуьхь йерина, йоьлхуш нана а, мере оьзначу голаш тIе корта а таIийна, сауьйзуш Iен тIехьа, коч айайеллачохь, хечин борчехула хьала а, букъа тIе а хIиттина цIен аьрснаш а долуш да а гира цунна…

2

Хьуьн чуьра араваьлла Васал, ши куьг букъа тIехьа а диллина, меллаша цIехьа волавелира. Дукъа тIе хьалаваьлча, кешнашка нисвелла, сецча, доцца доIа дира цо. ТIаккха, йуьйцинчу кертах дехьа а ваьлла, тIехIуттуш, xIop а коша тIехула дайн куьг хьокхуш, чекхвелира. Баьрзийн гIовлешка дийгIина гIайракхах кечдина тIулгаш а, Iарждала доьлла хIолламаш а дара. Васална бевзара баьрзнаш кIел бохкурш. Уьш цуьнан бIаьхаллин накъостий бара, бархI шо хьалха дехьа чохь Iаьрчхе-Юрт барона Николайс йохочу дийнахь байъина. ХIинца йац цигахь и йурт. Лаьттаца дIашарйелла. Дохийначу цIенойн баьрзнаш ду охьадилхина довлаза пенаш хаалуш йукъ-йукъа. Ирахь дакъаделла йурт йагийначу цIаро чахчийна стоьмийн дитташ. КIора хилла даьгначийн йуьхкех.

Оьрсийн xIop а ахархочун санна, декъаза хилира Лопуховн доьзалан дахар а. Iуьйранна са ма-тесси помещикан кхаш тIе балха боьлхура, суьйранна бода боллалц цунна букъ сеттабора. Цуьнан йалта ца дийча, шениг доьйла йацара, цуьнниг чу ца дерзийча, шениг чудерзадойла йацара. ТIаьхьа дIадийна йалта мегарг ца кхуьура йа йокъано хIаллакдора. Хьийкъина кхиъна йалта лай кIел доьдура дукха хьолахь, баринан йалта чу ца дерзийча, шайчунна тIегIойла доцуш. Мацаллел а, къоьллел а садетта халаниг бариний, цуьнан йалхоший сийсазбар дара. Бераллехь хьоьгу хало-м хIун дара, иэхье мел дерг ловра цара къоначу хенахь. Васалан а йара йиэза йоI. Цуьнан дуьненан самукъе, вахаран Iалашо. Цунах ваьлча, ша лийр ву а моьттуш. Аьрха Маринка. Амма барино къанвелча а ца йуьтура шен акха амалш. Лела а йина, цо луларчу помещикца тоьллачу жIаьлех хийцира Марина а, Васалан жимахйолу йиша Полина а. Ткъа Василий салтана Кавказе хьажийра. Нохчийчу. Кхузахь цунна хьалхахIиттира цкъа а дуьйцу ца хезна буьрса лаьмнаш. Сийначу вертанах хьаьрчича санна Iохку шуьйра раьгIнаш. Цигахь деха хIокху маситта шарахь шен маршонехьа турпала къуьйсу нохчийн жима халкъ.

Къиза дара кхузахь иза Iазапе лаца веанчу салтичун дахар. Цхьа минот а йацара кхерам боцуш. XIop а минотехь вожо тарлора нохчочун тоьпан дIаьндарго. Амма йоллучул хала йара тIеман муштра, походни дахар, эпсарийн йаппарш.

Суьйренашца казармашкахь салташа шайн иллешкахь олуш ма-хиллира:

ГIоли йу дуьнен чу цавалар,

Салтичун дукъ уьйзуш лелачул.

Дуьне мел ду лоьхуш леларх,

Карор дац цул къиза дахар.

Со Даймехкан гIарол ву,

ЦIеша буьзна сан букъ бу.

Со Даймехкан гIортор йу,

Буй-тIара суна совгIат ду…

Схьавеана шо далале цуьнга кехат кхечира, нана йелла аьлла. ШолгIачу шарахь да кхелхира. Василийн догделира дуьненах. Кхуза кхаьччахьана дуьйна цунна сих-сиха хезара, дуккха а салтий нохчашкахьа буьйлу бохуш. Нохчийчохь йу, бохура, цара а, церан дайша а дукха сатийсина маршо.

Цигахь дехарш маьрша, майра, тешаме адамаш ду. Цигахь бац помещикаш. Дац стага стаг вацор. Адамех йохк-иэцар ца йо. Цигахь хьоло ца къестабо къонахий. Цигахь стеган сий до. Цигахь лакхара лору хьекъале, майра, оьзда, хьуьнаре верг. Цигахь тIемалочун сий ду. ТIехула тIе, цара бийриг бакъонан тIом бу, шайн къоман маршонехьа. Царна ца лаьа оьрсийн паччахьан къиза Iедал тIелаца, крепостной Iазапан дукъ кочадолла. Уьш харцонна дуьхьалбуьйлу.

Оцу лаьмнашка вада аьтто лоьхуш, масех шо делира Василийн. Аьтто бохийнарг иза артиллерехь хилар дара. Нохчий йаккхийчу тоьпашна тIаьхьа чIогIа бовлу дела, батарейш леррина Iалашйора эпсарша. Цкъа цхьана буса хехь лаьттина цIа веача, шеца гIопал аравалар дийхира цуьнга поручико Косолаповс.

– ЛадогIахьа, Василий, суна хьо тешаме стаг хилар зиэделла, – элира цо, шаьшшиъ, гIопан баролал ара а ваьлла, хьуьнан боьлака воьлча. – Цул сов, хьан бIаьргаш чохь даим а эпсаршка цабезам а, оьгIазло а го суна. Цундела дуьйцу ас хьоьга айса дагалаьцнарг. Кхузахь нохчийн дIаьндаргаша вожор ву вайша йа церан шаьлтанаша ворур ву. Йа иза, йа важа ца хуьлуш, дийна висахь, кхузахь ткъе пхеа шарахь xIapa бала а хьегна, цIа верза доьгIнехь, тIаккха цигахь а ду вайшинга хьоьжуш кхул къиза Iазап. Шемала шегахьа бевлла салтий, дукха лерина дола деш, Iалашбо, боху. Къаьсттина цунна дукхабеза, боху, артиллеристаш. Вайшинна стенна оьшу xIapa неIалт хилла тIом? Вай хIаллакьхуьлу, дворянийн эпсаршна чинаш, совгIаташ доькъу. Кхузахь Iожалла ца хуьлуш цIа верзахь, цигахь йа доьзалш а, йа бахам а, атталла цIа-цIе а дац вайшиннан. CaгIa ца дехахь, даа бепиг хила меттиг бац. Шайгахьа бевллачу салташна цара йиллина йу Мужичоь а, ДаьргIа уллора слобода а. Цигахь кустарни белхаш беш, доьзалш болийна, хаза маьрша беха уьш. Вада сацам хилла сан. Кхана сарахь. Суна тешаме накъост веза. Нагахь хьо резавелахь, цхьаьна гIyp ву вайша. Резавацахь, вайша хIумма а ца дийцина.

ШолгIачу буса Курински гIопepa ведда и шиъ ГIачалкхан дукъах хьалаваьлча, нохчийн разйездна тIеIоттавелира. XIapa шиъ ведда веанийла хиъначу отрядан начальнико кхаабIаьнчо Аьрзус, ши стаг а тоьхна, шайн наибна СоIдина тIехьажийра. Шайна ха деш веанчу шина накъостах цхьаьнца, Дакашца, сихха гергарло тасаделира Василийн. Иза куьцехь, каде жима стаг вара. Цуьнгий, командирей безам баханчу Василийс дийхира ша оцу отрядехь витар. Амма Аьрзус, гIайгIане вела а велла, корта ластийра. Василий артиллерист вацахьара-м, цо иза шеца сацор вара. Амма артиллеристаш дIасабаха йиш йац Шемалан бакъонций бен. Имаман омра ду, ведда сехьаваьллехь а, йийсаре валийнехь а, артиллерист коьртачу наибна ТIелхагна тIевига аьлла. Нагахь Василийна и чIогIа лаахь, цо наибе иза шеца витар доьхур ду. Цуьнан бIаьнан ма йу цхьа йоккха топ. Амма, ТIелхагна тIе Аьрзу ша ца вахча йа кехат ца йаздича, цунах гIуллакх хир дац. Кехат йаздан гIирс а бац. Доьхна гIуллакхаш ду.

Цхьадика, Косолаповгахь кехат а, къолам а нисбелла, Аьрзус, масех дош тIе а йаздина, иза Дакаше делира. Уьш Шела кхаьчча, Аьрзун кехат а дешна, ТIелхага, Косолапов шеца а сацийна, Василий Дакашца йуха, Аьрзун бIаьне, хьажийра.

Цул тIаьхьа наггахь бен вовшашна ца гора Василийний, Косолаповний. ТIаьхьо Косолаповх ТIелхаган герггара гIоьнча а, цуьнан артиллерин начальник а хилира.

1851-чу шарахь ТIелхага хIоттийна Шелара окоп паччахьан эскарша дIалоцуш тамашийна хIума хилира Косолаповца.

ТIеман хьалхарчу шерашкахь шайна дуккха а зиэнаш хилча, паччахьан эскарийн командовани кхийтира Къилбаседа Кавказ карайерзоран догIа Нохчийчохь хиларх. Элан Воронцовн урхаллин тIаьххьарчу шерашкахь Малхбале Кавказан ламанхошна дуьхьал беш болу берриг а баккхий тIемаш Нохчийн арен тIехь хилира, эскарийн коьртакомандующи эла Барятинский волчу йерриг а Нохчийчоь йукъайогIучу Аьрру флангехь. 1850-чу шарахь оьрсийн командованис шуьйра план хIоттийра, дерриг тохар Аьрру фланге а дерзийна Нохчийчоь дIалацарца, ламанхой шайн рицкъанийн а, тIеман ницкъан а базех дIахадо. Оцу цхьана шарахь Нохчийчу йоккха йиъ экспедици йира. Баккхий кхиамаш бехира оцу шарахь инарло Слепцовс Цоци-Юьрта а, Гелдагана а, полковникаша Баклановссий, Майделлий Мичка-хин йистошка а йиначу тIеман операцеша.

22
{"b":"858171","o":1}