– Дера, шайн лаамехь-м кхелхар ма бац уьш цига, – ойла а йина, тIетайра Лорис-Меликов. – ХIун дан деза ткъа?
Кундуховс даррехь жоп ца делира, командующин собар зиэн гIерташ санна.
– Дала аьтто бийр бу, – шалхе велавелира иза. – Герзан ницкъаца низам хIотталур дац вайга. Кхин некъ каро беза.
– Нах иэцаррий?
– Иза а бац тешаме. Церан ханаш а, элий а бац вайна бохкабала. Бохкалуш нах кIезиг карор бу нохчашлахь. Шен амал йолуш къам ма ду иза. КараIамозчу эмалканчул башха, дуьрста йезац цунна.
– Церан элий а, ханаш а цахилар дикахо хета суна, – ойлане корта хьовзийра Лорис-Меликовс. – Ойла йел ахь, мел къиза бара дагестанхойн ханаш. Таркхойн шамхало хIун дора шен ахархошна? ГIожмаш йеттара, бIаьргаш бохура, тIуьначу зинданаш чохь бахкабора. Кюрин Аслан-хана цхьа бехкбаьлла шенаш цIийдинчу эчигца морцура, лергаш дохура, баьшначу кортошна тIе кхехка даьтта дуттура. Шайн ахархойн зудабераш нохчашна говрех бухкура. Церан и акха гIиллакхаш буххенца, гуттаренна а дIадаьхна Россин культуро.
Кундухов цавашаре велавелира.
– Бехк ма биллалахь, хьан локхалла, Россехь ахархой Iаьржачу боданехь латтош хилар дицдо ахь. Вайша цхьа кавказхо хиларна, хьох къайле йац сан. Ермоловс Дагестанера ахархой «маьршабохуш», оьрсийн муьжгий бIозза халачу, къизчу хьолехь бара. Арслан-хана шен ахархойн йоIарий говрех бухкура, ткъа оьрсийн помещико шенаш иэрех хуьйцура. Массо газет къарздой хуьлура крепостной ахархой бохка-иэцарх йолчу рекламаша. Мичахь йара и акхаралла? Цивилизацин Россехь! Цигахь а иза хилча, ткъа Дагестанерчу ах-акха элашний, ханашний бехкбилла гIертар суна-м беламе ма хета, Михаил Тариэлович.
Кундуховн дуьхьало йоцуш хецаваларо цецваьккхинчу Лорис-Меликовс акъваьлла ладоьгIура цуьнга.
«Дерриг а схьа ца олу ахь, амма вуьшта гуш ду-кх хьан дагахьдерг, – леррина хьаьжира цуьнга командующи. – Лаа дац, «мел йузайарх, борз варша хьоьжу» боху оьрсийн кица».
– ХIета, хьо реза вац-кх кхузахь вайн правительствос дIахьочу политикина йа, вуьшта аьлча, цуьнан императоран воккхаллин лаамна? – хаьттира цо, шен ирачу хьажарца Кундуховн бIаьра а вогIавелла.
Кундуховс бIаьрнегIар а ца туьйхира.
– Айса государь-императорна тешаме хила биъна дуй, йоIбIаьрг санна, ларбо ас, Михаил Тариэлович. Лар а бийр бу. Амма суна оцу лакхарчара тхаьш адамаш лорийла а лаьа. Оха мел доггах гIуллакхдарх, тхо мел хьекъале делахь а, оцу вельможашна гергахь сой, со саннаршший шайн вежарийн цIий Iено «караIамийна акхарой» ду. ХIаъа-ткъа, ахчанах а, чинех а дохкалуш, иэцалуш долу.
Меллаша тIе а вахана, Кундуховн белшах дайн куьг туьйхира Лорис-Меликовс.
– Сан хьомсара Муса Алхазович, тIех цIий сиха стаг ву хьо. Барт бийр бу вайша: суна хIумма а ца хезна. Амма иштта дешнаш кхечуьнга олучух ларлолахь. Кхин а дика хир ду, и зуламе ойланаш ахь коьртера дIайаьхча. Сан даггара хьехар ду хьуна иза. Ткъа оцу хьокъехь суна хетарг хаа лаахь, со буххенца реза вац хьоьца. Цхьацца кIезигчу нехан зуламечу, къизачу йа сонтачу гIуллакхашца дуьстина, хадо ца беза халкъан, мехкан мах. Росси цивилизацин мохк бу. Лаахь а, ца лаахь а, xIapa ламанхой адамаллин историна дукхе-дукха гена тIаьхьабисина. Ах-акхачу гIиллакхашца, амалшца беха хIорш оцу боданера маьлхан серлонга баха хьурмате кхаж Россин баларх воккхаве со, дозалла а до ас. Амма иза, хьуний, суний ма-лаъара, сиха хир дац, хьомсара Муса Алхазович. Цунна дуккха а хан, къинхьегам а оьшу. Халонаш лан а деза. Хьайн харцахьара ойланаш а йитий, генна хьалха дIахьажал хьо.
2
Чувеанчу капитано Золотаревс йуккъехь масех кехат долуш папка хьалхайиллира командующина. Кехаташна тIехула йукъ-йукъа бIаьрг а тоьхна, даьржинчу хотIаца буха куьйгаш а йаздина, папка капитанна хьалхатеттира цо. Золотарев араваьлча, толаме Кундуховга хьаьжира Лорис-Меликов.
– ХIаъ, хьомсара государь, генна хьалха дIахьажа хьо. ТIаккха хуур ду хьуна, со бакълоьй.
Кундухов воккхавиэра долийна къамел дахдан аьтто нисбаларх.
– Со собаре цахиларна бехк цабиллар доьху хьоьга, Михаил Тариэлович, – элира цо, шен сихалла йуха а оьзна. – Уггар хьалха, ламанхо ву со. Ткъа цIий Iац шечуьнгахьа озабезам ца беш. И нохчий кхечу къомах белахь а, сан лулахой бу. Ас цаьргахьа уозарх иэхь дац, моьтту суна. Со тешна ву уьш къарбелла кIелсовцург цахиларх. Хьан план нийса йу, шеко йоцуш. Амма – кхечу къомаца долчу гIуллакхна хIоттийна йелахьара. Ницкъаца, къизаллица къарлур бац нохчий. Нагахь, хьуна ма-лаъара, уьш нуьцкъаха цигара дIакхалхо долахь, дукхе-дукха балхаме тIаьхье хир йу. Хьан плано шовзткъалгIачу шерашка йухадуьгур ду вай. Со тешна ву, хIетахь вайна нохчашца мотт бийца хиънехьара, оцу тIаьххьарчу ткъа шарахь лаьттина цIийIеноран тIом хилла хир бацарх. Изза гIалат йуха а далийта ойла йу хьан? Инарлегара Пуллогара масал ма иэцалахь, хьан локхалла!
Тахана Лорис-Меликов дукхе-дукха цецваьккхинера Кундуховс. Шена хьалха хиъна Iийриг Кундухов ван а вуй-те олий, шеквуьйлуш, леррина цуьнга хьоьжура командующи. ХIинццалц цкъа а цахилларг ду-кх xIapa. Ламанхошкахьа гIoдаха а, нохчех къахета а воьлла. XIapa Кундухов вацара ткъа кхо шо хьалха нохчийн цIий Iанийнарг? XIapa вацара ткъа хIетахь Ичкерехь шен къизаллица гоьваьлларг?
– Оцу нохчашца долчу гIуллакхна хIилла а, само а оьшу. И шиъ ду вайн тешаме союзникаш, – элира Кундуховс, командующи вист ца хуьлуш сецча. – Нохчийчохь керла Шемал ца гIаттийта. Вайгахь хIилла а, само а ца хилахь, гIуллакхаш бохаме доьрзур ду цигахь.
– ШолгIа Шемал кхин хир вац цкъа а, – доцца хадийра Лорис-Меликовс.
– Бакъду-кх иза а. Иштта стаг бIешарахь цхьаъ волу дуьнен чу.
Лорис-Меликов велавелира.
– Хьо нийса ца кхетта ас аьллачух, – корта ластийра Михаил Тариэловича. – Шемалх дозуш дацара хьалха кхузахь хилла гIуллакхаш. Со къера ву Шемал хIокху ламанхойн хьелашкахь майра, хьекъале стаг а, говза администратор а хиларна. Амма, цхьаболчара ма-вуьйццу, говза полководец вацара, аьттехьа а. Вайца тIамехь баьхначу толамашкахь цуьрриг а дакъа дац цуьнан. Летарш а, толамаш бохурш а цуьнан хьуьнаре, говза а, майра а наибаш бара. TIe, хьуна дицделла, сан хьомсарниг, Шемалх дуьнен чохь цIейаххана стаг винарг и нохчий хилар. 1839-чу шарахь Ахульгохь дагестанхойн шайн гIоьнца вай дIа ма-воьллинера иза. Дагестанан лаьмнашкахь шен ворхI накъостца, экха санна, иэккхийна лелош волу иза Нохчийчу кхечира. Кхузахь нохчаша туш делира цунна. Цуьнан ирсана, вайн дакъазаллина, йа нийсса аьлча, массеран а дакъазаллина, дукха хан йаллале Нохчийчохь йукъара гIаттам хилира. Ахь цIе йаьккхинчу Пуллон гIалаташ бахьана долуш. Мацах цкъа французийн революцино Наполеон санна, кхузахь халкъан дарцан тулгIеша айъира Шемал. ТIаьххьарчу ткъа шарахь Нохчийчоь йара цунна тIемалой лург а, кхачанан сурсатийн база хилла лаьттинарг а. Берриг бохург санна, баккхий тIемаш а церан махка тIехь хилира. Цул сов, Шемалан генералитетан уггар тоьлла а, дукхаха дакъа а нохчийн наибаш бара. Доцца аьлча, нохчийн таррийн йуьхьигашца историн анналашна тIе гуттаренна а шен цIе йазйина цо. Шемал саннарг карор ву хIинца а, амма хIетахьлера Нохчийчоь а, нохчий а бац хIинца. Оцу бехачу тIамехь хIаллакьхилла церан хьекъале, говза тхьамданаш а, майра тIемалой а. Бисинарш Шемала талхийна.
– Вай а ца Iийна, куьйгаш тIекIелдехкина.
– ХIаъ, хьомсара Муса Алхазович, хIинца йац хьалхалера Нохчийчоь. Керла гIеттина Шемал шаре а вер вац. Царна лаахь а, ца лаахь а, нохчий санна, бодане, тIаьхьадисина кегийра къаьмнаш даккхийчарна, нуьцкъалчарна кIел ца севцча довлац. Баккъал а аьлча, иза царна шайна пайдехьа а ду.
Ша дIасатехко пресс йуьстаха а йиллина, шен къамелхочуьнга хьаьжира Кундухов.
– Хьо бакълоь, Михаил Тариэлович. Рыцарийн, витязийн зама дIайаьлла. Ахь ма-аллара, ткъа шо хьалхалерниг йац Нохчийчоь. Хьалхалерчу шен оьздангаллех доьхна и халкъ. ХIокху тIаьххьарчу ткъа шарахь шина цIарна йуккъехь латтийра иза. Цхьана aгIop – Шемалан деспотин, вукху aгIop – вайн къизаллин. Шина а агIорчара мало йоццуш дика болх бира, и халкъ таханлерчу хьоле доккхуш.