Литмир - Электронная Библиотека
Содержание  
A
A

– Сацайе хьайн муцIара, пис! – мохь белира Iосин.

– Пис, Къуръанор, йу хьо, йамарт жIаьла! Делах а, нехан неIалтах а ца кхоьру иэхь дайна гIизби! ДIайаккха кхузара хьайн гота!

Стерчашна тIехьаьдда Васал царна бIостанехьа жIоммагIа детта вуьйлира. Iосин ши ахархо йуьстахъиккхира. Ша аьллачунна тIера ца вала, Iocac, тIе говр а тесна, Васална шед айъира.

– Дада! – мохь белира Ловдин. – Ма тохалахь!

Амма йуьхьа тIехула кхеттачу шедо Васалан йуьхь тIе цIен арс хIоттийра. Васалан буйнахь йаьккхина шаьлта гича, нах йукъалилхира, ткъа Iocac, шен говр, йухаоьзна, тIаьхьарчу когаш тIе а хIоттийна, йуьйлина тапча Васалан некха тIе лецира. Амма иза лаг оза кхиале, Ловдин тапча йелира. Коьртан хье а тосуш, цIеххьана аркъалсеттина, тIаккха меллаша цхьана aгIop вазвелла Ioca, ког луьйтанахь буьсуш, охьавахара. Къаьхкина, ткъех гIулч дехьайаьлла говр, охьавоьжначу беречух цкъа-шозза хьожа а баьккхина, терсира.

ХIинца а кIур туьйсу шегара тапча йарашла а тесна, Ловда, оханна тIехула дIа хьуьнха воьлла, къайлавелира…

VIII корта. ДоттагIий

…Хастам лекхачу лаьмнашна,

Шийлачу шаша хьулдинчу!

Хастам хуьлда турпалхошна,

Дала ца бицбинчу!

Аш къийса – шу тоьлур ду!

Дала шуна гIo деш ду.

Шуьца ду бакъдерг, шуьца бу хастам,

Сийлахь маршо а шуьца йу!

Т. Г. Шевченко. «Кавказ»

1

Аьрзус а, Маккхала а шайн накъосташца цхьаьна шина шарахь гергга, дийнахь-бусий, садаIар хIун ду ца хууш, къахьоьгуш, кечбина гIаттам корта боцуш бисира. ХIор а йуьртахь бара цара хаьржина тешаме тайпанийн тIеман тхьамданаш. Кийча бара уьш муьлххачу дийнахь, муьлххачу сахьтехь, шайн бIаьхой тIаьхьа а хIиттийна, йиллинчу метте дIагулбала. Амма Iай Шелана уллохь хиллачу гIуллакхо доккха ков даьккхинера церан тIеман организацина. Лецначу Кунтин вейтта векална йукъахь вара гIаттамна тIехь куьйгалла дан деза масех стаг. Цул сов, Кунта а, цунна йуххера масех Iеламстаг а дIаваьлча, дегнаш доьхнера дуккха а нехан. ТIехула тIе, Нохчийчу далийна керла эскарш…

«Нагахь оьрсийн паччахьан кхечу пачхьалкхаца кестта тIом болалахь? – хоьттура шега Маккхала. – Хьан дийр ду гIаттамна куьйгалла? Ма доьхна гIуллакх ду-кх xIapa дан-м ткъа».

Оцу ойланашца Шелара ара а ваьлла, Басс-хица хьала ЭгIашта боьдучу новкъа велира Маккхаллий, Аьрзуй. Де, стигалахь марха йоцуш, къегина малх хьаьжна дара. Некъана шина a aгIop кхаш тIехь оханаш деш, охкуш, йалташ дерна кечам беш бохкура шелахой. Хезара ахархойн гIийла иллеш, йукъ-йукъа стерчий чехош детта маьхьарий. Берешца цхьаьна ойлане йаьлча санна, гIийла кортош а охкийна йогIура цаьршиннан говраш. Хьалхаваьлла вогIучу ДанчIин кIанта Болата, цхьана минотана а сацам боцуш, шена дага деъ-деънарг дуьйцура.

Сту Бийначу Ара бевлча, берешна хьалха схьахIоьттира Шелара редут. Кху арахь цIий Iанийра церан накъостийн. Шиннен а бIаьргашна хьалхахIуьттура оцу дийнан ирча сурт.

– Кхузахь тIом болуш, шуьшиъ варий, Аьрзу? – хаьттира Болата, хьалха воьдучура йуха а хьаьвзина.

– Вацара, Болат. Нах а ма хилла белара кхузахь, – гIийла жоп делира Аьрзус.

– Со-м вара. Суна сайн шина бIаьрга гира и дерриг а! – дозалла дира Болата. – Соьца Соип а вара, вевзий хьуна Далхин кIант?

– Ца вевза, – жоп делира кIанта дуьйцург тергал ца деш дита там ца хеттачу Аьрзус.

– Иза сан доттагI ву. Хьуна муха ца вевза иза? Тахана а ма вара иза-м тхоьгахь! Хьалхарчу дийнахь дуьйна вара тхойша наха лелочуьнга хьоьжуш. Дуккха а адам гулделлера Шела. МаьI-маьIIера баьхкинера уьш. Зударий бара дуккха а. Шина дийнахь дехарш дира цара инарле, Киши-Хьаьжа схьавоьхуш. Ткъа инарлас шина а дийнахь Iехийра уьш, схьалур ву бохуш, амма эххар а элира, паччахьера пурба ца хилча шен иза йухалойла дац. Киши-Хьаьжа генна Сибрех дIавигна, иштта сиха схьакхачалур вац аьлла. Наха дуьйцура, инарла харцлуьй, Киши-Хьаьжа Соьлжа-ГIалин набахтехь ву бохуш. И набахте хIун йу, Маккхал? – хаьттира цо, Маккхална йуххе а иккхина, цуьнан луьйтанах а тасавелла.

– Нах чубухкуш меттиг йу-кх, Болат.

– ХIунда бухку уьш цу чу?

– Iедална новкъара дIабаха.

– Киши-Хьаьжа новкъа вара ткъа?

– Хилла-кх.

– ХIунда?

– Хаац, Болат. Жима ву хьо, ас дийцича а, хIинца кхетар вац.

Шен хаттарна дуьхьал кхачамболлуш жоп ца хезча чам байна Болат, доккха са а даьккхина, сецира, амма, шена гинарг дийцаза ца Iавелла иза, йуха а къамеле велира.

– ТIаккха, кхоалгIачу дийнахь Киши-Хьаьжа схьа ца велча, дIа ца бовла сацамбина, дIо гIопе бахара нах. Кхечу йарташкара баьхкинарш нахе пхиппа, йалх-йалх дIатарбелира. Нагахь дала дезаш меттиг хIоттахь а аьлла, наха хьалххе шайн догIмаш цIандира. Цхьаберш Басса чохь лийчира. ОххIай, ма шийла де дара иза! ХIетте а лийчира уьш шийлачу хи чохь! Цхьаболчаьргахь шайна кечдина марчонаш дара. Дукханнийн – каралаьцна Къуръанаш. Зуькарца, Iасанашна тIе а тийжаш, кху арахула гIопе буьйлабелира уьш. Цаьрца вара со а, Соип а. Моьттура, хьалха санна, хIумма а ца хуьлуш, тхаьш цIа доьрзур ду. Бакъдерг аьлча, гIопал арахьа хIиттина гIашлойн, дошлойн эскарш а, йаккхий тоьпаш а гича, Соип кхеравелира, со шек а вацара! Цхьамзанаш хьалха а лаьцна, салтий дуьхьалбуьйлабелча, со йухаийзавора Соипа, амма суна ца лиира, хIун хуьлу хьажаза, йухавала. Салтий гергагIоьртича, нахах цхьаммо мохь а туьйхира: «Ма кхералолаш керстанех, церан тоьпан молханах латта хилла, уьш Дала иэшор бу тахана! ГIазот даккха, кIентий!» Ткъа дошлой, тарраш даьхна, хаьн тIехула гуо лаца богIура. ТIаккха йукъ-йукъа нехан маьхьарий девлира: «Йа АллахI! Йа устаз! Киши-Хьаьжи!» Йаккхийчу тоьпашна уллорчу салтийн карахь кIур туьйсура милташа. Салтий гуттар а гергагIоьртича, шаьлтанаш а йаьхна, нах царна чухьаьлхира. ТIаккха сой, Соиппий йухаведира. ТIейетта йолийра кегий а, йаккхий а тоьпаш. Адам йухадаьлча, xIapa аре йуьззина Iохкуш декъий, чевнаш хилларш а бара.

Оцу дийно дегнашна йиначу чевнашна моьнаш хьовзазчу Аьрзун а, Маккхалан а кийра цIе кхерстира. Цаьршинна карлабелира Кунта-Хьаьжа лаьцна вигначу деношкахь Эвтарахь хиллачу кхеташонера шайн къовсам.

Кунта-Хьаьжа лаьцначу йукъах пайда а эцна, бенойн Солтамурд а, зумсойн Залма а, гиххойн Вара а гIаттам дIаболо беза бохуш, оцу тIехь сецира, ткъа Кунта-Хьаьжин герггара векалш молланаший а, хьаьжой а бара. Цара бохура, устаз муьлххачу а тIамна дуьхьал ву, вайна пурба дац адамийн цIий Iено, и дечул, цхьаьна а кхетта, Кунта-Хьаьжа йухавалар доьхуш, адам инарлина тIедаха деза.

Хинболчу гIаттаман къоначу тхьамданашна Берсина а, Маккхална а, Аьрзуна а шера гуш дара гIаттам кхиамца чекхбериг цахилар. Берсас бохура, кхечу пачхьалкхашца Россин тIом ца болабелча, толам баккха вайн ницкъ кхочур бац, хIетталц гIаттам болор хьехо ца оьшу. Цул сов, Маккхала бохура, Россина чоьхьа хуьлучу оьрсийн ахархойн гIаттаме хьажош боло беза тIом. Кхааммо а бохура, дехарца паччахьан Iедалера маршо йаккхалур йац, иштта адам гулделла де цIий Iаноза доьрзур дац.

– Оьший ткъа цхьана Кунта-Хьаьжин дуьхьа адам хIаллакдар? Кунта-Хьаьжа Делан лаамца лелаш стаг ву, иза лацар а Делан лаам бу. Шун гIуллакх дуй ткъа, Делан кхиэл йохо гIерта? ГIаттамехь дакъалоцучу нехан Iалашо бусалба дин чIагIдар йац. Адамашна латтий, маршой оьшу. Цундела тхуна лаац, Кунта-Хьаьжа лацарх доьзна, цхьа а кечам боцуш, цIеххьана гIаттам боло. Иза цхьана-шина дийнахь хьошур бу. Эрна цIий Iенар ду. Баьччанаш лецна Сибрех бохуьйтур бу. ХIинццалц хьегна къа дов. Цул сов, тхо цхьадерш дуьхьал ду паччахьан Iедале дехаре даха а. Герзаций бен, дехаршца даккхалур дац вайга латта а, маршо а, – бохура Маккхала.

ГIаттаман тIеман тхьамданех Солтамурд а, Залма а, кхин масех стаг а Берсиний, цуьнан бартахошний тIетевжира. Биснарш, шайна йуккъехь массарна дарвелла Вара а волуш, Къаьхьарма-Хьаьжегахьа бевлира. Оцу дийнахь боьхначу барто Сту Бийначу Арахь цIий Iанийра бехкбоцчу дукха адаман. Цул сов, Шелахь цIийIанор чекхдаьлча, паччахьан Iедало дIалийцира хинболу гIаттаман ах куьйгалхой, цаьрца бертахь болу Iеламнах. Маьрша бисинчех дуккха а коьртахой, тайпанийн тIеман тхьамданаш а, кхерабелла, севцира.

30
{"b":"858171","o":1}