– Хьо хIун аьлла ву ткъа?
– Вайн кхоллам Россерчу кхечу къаьмнашца цхьаьнабозар, цаьрца цхьаьна вешан маршонан гIулакхехьа къийсар коьрта декхар лору ас.
– Ой, цаьрца дуьстича, вайгара хьал дуккха а хала ма ду, Берса. XIapa къоьлла, Iазап, харцо ловш дехачул-м, летта делла, дуьнен чуьра дIадовлар гIоли ма йу!
– Аьрзус гойтург уггар сийлахь некъ хета суна а, – тIетайра Маккхал.
– Сийлахь некъ-м бара иза, амма шеконехь бу-кх. Догдохуьйла кIезиг йу. Со тешна ву, паччахьан Iедалан Iазап кIел дохку халкъаш мацца а цкъа шайн массеран йукъарчу маршонехьа цхьабарт болуш цунна дуьхьал гIовттург хиларх а, цара толам боккхург хиларх а. Дуьненахь цхьа адамаш ду, халкъашна шайн маршонехьа, керлачу дахарехьа къийса а, толам баккха а хьоьхуш. Ас дийцира-кх шуна Iазапехь дохкучу халкъаша пхийтта шо хьалха Европина тIехула гIаттийначу буьрсачу дарцах лаьцна. Иштта чIогIа дацахь а, изза дарц делира Россехь а. Оцу хьалхарчу дарцан ницкъ ца кхечира халкъашлахь Iазапдаллорхойн Iедал дуохо. Амма хIинца керлачу, кхин а буьрсачу дарцан мархаш гуллуш йу Европина а, Россина а тIехула. Кестта дарц дала герга ду, кIентий.
– ХIета, вешан гIаттам оцу дарце хьажабо-кх вай?
– Кхин некъ бац.
– Ткъа йарташ Соьлжан а, Теркан а аьрру бердашка а, Жимачу ГIебарта а кхалхо йолайахь? Ваьшкахь дисина латта а дIалур ду вай?
– И ша ду. ТIаккха герз караоьцур ду вай. Амма вайнах дIакхалхор а, гIалгIазкхий схьакхалхор а чолхе гIуллакх ду. Цунна масех шо хан йезар йу Iедална. Вайн декхар хIун ду? Цхьана минотана а мал ца беш, гIаттамна кечамбар. Амма ларлуш хила. Солтамурд, Вара, Залма, ШоIип майра нах а, дика къонахой а бу. Амма цхьана майралло ца дуьгу халкъ толаме. Иза а хиъна вайна. Хьекъал, кхетам, собар оьшу. Йукъара кхеташо кхайкхарна сихдала а ца оьшу аьлла, хета суна. Аьхкен чохь кхераме ду иза. И гIуллакх Iаьне тоттур вай. Ткъа хIинца, малхбузан ламазаш дина, дIасадаха деза.
ДоттагIий хьалагIевттира. Шовданна йисттехь ламазаш иэцна, гIуллакх сихха чекхдаьккхира цара.
– Оцу Варас лелочунна реза вац со, Берса, – элира Маккхала, кога мачаш а йухуш. – Кху хьаннашца, бIаьн некъашца эпсарш, хьаькамаш дIасабовла ца буьту цо. Хьуна хууш ма ду, цо хIинцале а маситта стаг вийна хилар. Тухий цхьаъ вожа а вой, иза шен обаргашца хьуьнха вулу, ткъа Iедало адамаш хьийзадо. Варега дIахаийта цо лелочунна тхо резадацар. Иштта байъарх кхачалур бац мостагIий, оцу некъаца йаккхалур йац маршо. Вийначу пурстоьпан меттана цул а Дала тоьхнарг хIоттаво. Цунах, зиэн бен, пайда балац.
– Вара, хьаха, ву шен цхьа буьрса амалш йолуш стаг, – доккха садаьккхира Маккхала. – Шелахь хиллачу гIуллакхо дог акхадаьккхина цуьнан. Иза хIинца йа нахах а, йа Iедалх а ца теша. Ас масазза аьлла цуьнга и хьуна хетарг. Аьттехьа а ца дуьту.
– КIеда аьлла ахь, – Iоттаре тIетуьйхира Аьрзус. – Цунна хаа деза, ша лелочара вайн йукъарчу гIуллакхна зулам дойла. Цо бицбан ца беза дIадаханчу шарахь кхечаьрца цхьаьна шел лакхарчеран омра кхочушдан а, тешаме хила а ша биъна дуй. ДIахаийта цуьнга, нагахь санна ша бахьанехь цо кхул тIаьхьа адамна сингаттам балийтахь, иза шен коьртах вериг хилар. ХIораммо а шена луъ-луург лелийча, вай вовшахдетта гIуллакх хIаллакьхир ду, ткъа иза хуьлийтийла дац, муьлххачух хIуъу хилла додахь а. Вайх хIораммо, дуйнаца чIагIдеш, пурба делла, нагахь шегара йамартло йаьлла, бартах воьхна меттиг хIоттахь, кхиэл йоцуш шен цIий хьаналдеш.
Аьрзун богучу бIаьргаша а, оьгIазечу къамело а гойтура цо дуьйцург цуьрриг забаре цахилар.
– Деллахьа, Берса, хьуна тIе кхин а цхьа гIуллакх деана оха, – стенна делахь а, гIеххьачул бехкалвахана долийра Маккхала. – Гати-Юьртахь бохам хилла кху некъехь. И Iоса боху жIаьла делла шен кIентан карах…
Маккхала доцца дийцира Гати-Юьртахь хилларг.
– Селхана цига веанчу пуьрстоьпо, лаьцна, Ведана хьалавигна Ловдий, Васаллий. Кхузахь Васалан бехк болуш хIумма а дац. Бехк-м Ловдин а бацара. Дукха хан йара и боьха жIаьла дийна дIадаккха деза. Куьг бехке Ловда кIелхьарваккхалур вац. Амма Васал кIелвахийта йиш йац, хIуъу хилла латтахь а. Хьуна ма-хаъара, бевдда вайгахьа бевлла салтий йуха шайн кара нисбелча, цаьрца къиза хуьлу Iедалхой. Цул сов, цкъа-делахь, Васалан кегийра доьзал буьсу цIа дуьззина. ШолгIа-делахь, шен дегIан дола ца далуш, зуда цомгаш йу. Уггар коьртаниг – бевдда ваьшкахьа бевллачу салтийн дола дан деза. Нагахь вай и ца дахь, Iедале царна ницкъаш байтахь, тIейогIучу ханна вайх тешам бовр бу церан. Тхуна хьоьгара гIo оьшу, Берса.
– Ас хIун дан лаьара шуна?
– Деллахьа, хаац суна-м, Берса. Оха-м, Iедалера схьа а ваьккхина, обарг волуьйтур вара иза. ТIаккха а цIахь аьтто боцуш нисло. Цкъа а дегI маьрша хир вац. Тахана-кхана Шела вогIу, боху, Къурмин Къосам. Цуьнан чIогIа гергарло ду элаца Тумановца. Суна хетарехь, округан начальнико полковнико Головаченкос ладугIур ду Къосаме. Оцу Къосамца и гIуллакх дийца а, нисдан а деза ахь.
Берса вехха Iийра жоп ца луш.
– Суна-м хаац, Маккхал, цкъа-шозза генара гар доцург, кхин цхьана а тайпа сан тIекере йеана стаг вац-кх иза.
– Дерригенах а кхета тхо, Берса. Амма цуьнца бийца мотт хьуний бен карор бац.
– Иза хала гIуллакх дацахьара, охашимма хьуна тIедуьллур ма дацара, – йукъавуьйлира Аьрзу. – Васалан гIуллакх суьде далале, иза кIелхьарваккха веза. Тхан йуьрто тIелаьцна стаг ву иза, оха дола дан дезаш. ГIуллакх суьде даьлча, генадолу. Хьаькамаш хьастий а, кхерам тасий а, схьаваккха Васал.
Берсас корта ластийра.
– Догдохуьйла йац цуьнга. Шуна лаарна, гIоьртур-м ву со.
Шийлачу хица ламазаш а эцна, бай цIена меттиг лехна, Маккхал хьалха волуш, ламазаш а дина, маралелхаш, вовшийн Iодика а йина, дIасакъаьстира кхо доттагI.
Амма Теркан областан эскарийн командующи, нахана хIумма а ца хууш, цу Iазапах уьш «кIелхьарбаха» гIайгIа беш вара:
«Хьомсара Государь Александр Петрович!
…Нохчий кхалхоран гIуллакх шена тIе а лаьцна, оцу хьокъехь Турце вахана инарла Кундухов цIа верзаре сатуьйсуш Iа со. И гIуллакх сихха къастор чIогIа оьшуш ду. Малхбузе Кавказехь вайн хиллачу тIаьххьарчу а, чIогIачу а кхиамаша догдохийна нохчийн. Вешан Iалашо вай мел къайлайаккха гIертарх а, вайца шайн йолчу шатайпачу йукъаметтигах делахь а, йа шайн махка оьзначу эскарех шекбевллехь а, йа арахьара тIеоьхучу нахехула хиънехь а, царна хиъна герггарчу хенахь правительство цигахь чIоггIа когаш тIе хIотта ойла йолуш хилар. Цундела кху тIаьххьарчу хенахь кхузахь меттигерчу Iедалшна совцо хала йа совцо ницкъ боцу тайп-тайпана эладитанаш даьржина.
Графо Евдокимовс соьга делла туркойн эмиссаро ламанхошка Турце кхойкхучу прокламацин гоч. Цуьнан чулацам чIогIа тера бу ас со Коджорехь волуш Хьан Локхалле йеллачу экземплярах. Вайн дика нохчий оцу прокламацех Iехабелла Турце кхелхарг хиларх теша мел хала делахь а, царна йуккъе йаржо ахь цхьа масех экземпляр йаийтар эрна хир дацара. И прокламаци Тифлисехь нийсачу туркойн матте йаккхар доьхуш, графо Евдокимовс йаздийр ду хьоьга…
М. Лорис-Меликов.
18 июнь 1864 шо»
IX корта. Къайлаха цхьаьнакхетар
Хьуна гина-кх дерриг гIуллакхаш хийцалуш хилар: цхьана замано велийнарг кхечу замано велхаво.
Салих ар Ронди
1
Беттаса кхетале бохуш сихвелла вогIу Берса пхьуьйран ламазан хенахь Шела чувуьйлира. Тховса иза кхуза вогIура МаккхалгIеран дехар кхочушдар Iалашо йолуш. Винчу йуьрта вогIуш, даим а цуьнан невцо ДанчIас шен кIант Болат дуьхьалвоуьйтура цунна. Амма тховса иза ша веанера. Цо Берсега хаийтинера, стенна делахь а, цхьана гIуллакхна, амма пайда ца бохьуш, шеца милицин йоккха отряд а йалош йуьрта майор Мустапин Девлатмирза веана аьлла.
Берса кхерамах ларван, цхьа шовзткъе итт гIулч хьалха воьдура ДанчIа. Пурстоьпан конторин цIеношкахь къегина серло а, чохь хевшиний, хIиттиний, чу-арадуьйлушший адамаш гора. Амма йисина йерриг Шела, Нохчийчоьнан и шатайпа столица, хьалххе дIатийнера. Йукъ-йукъа цIеношкахь, гаттий кораш гIийла серладаьхна, наггахь чиркхаш догура. Йуьртан йукъах къехкаш, йуьстаха долчу гаттийчу, гомачу урамашкахула воьдура и шиъ. КетIахула хIорш чекхбовлуш меттахъхьов жIаьлеш, жимма бага а тухий, совцура.