– Шемалал хьалха шайх Мансур, Бийболат, ГIеза-молла а вара.
– Ламанхойн акхачу фанатизман стом бара-кх уьш а.
Кундухов оьгIазвахара, амма цо, хала сатоьхна, къайладаьккхира иза.
– Оцу тIехь гIалат ву хьо, Михаил Тариэлович, – майрра командующина бIаьра хьаьжира Кундухов. – Хьуна бакъдерг хаза лаахь, кхузарчу ламанхойн, къаьсттина – хIокху нохчийн, цхьа а тайпа гамо ца хилла оьрсашца. Цхьана хенахь нуьцкъалчу кхаа пачхьалкхо – Турцис, Персис, Россис – цхьамма шаьш дIакхалларна кхерам тIекхозабелча, вайн правительствос ахчанца иэцначу йа кхерийначу цхьацца ламанхойн феодалаша Росси къастийра. Хьуна бакъдерг хаа лаахь, Михаил Тариэлович, Къилбаседа Кавказан йуккъерчу махкахь бехаш хиларна, туркошкара, персашкара шайна цхьа а тайпа кхерам боццушехь, Россица уггар хьалха доттагIаллин зIе тесначу Кавказан къаьмнех цхьаъ хIинца уггар дера вайна дуьхьало йеш болу и къармазе, карзахе нохчий а бара хьуна. Цхьана хенахь кху лаьмнашкахь барамехь уггар доккха а, нуьцкъала а халкъ хилла иза. Татаро-монголийн, Тимуран мехкашдIалецархошна къар ца белира уьш. Царна дуьхьал шина бIе шарахь сов латтийначу къийсамо а, тIаьхьа гIeбартойн, чергазойн, гIалмакхойн, дегIастанхойн а феодалаша хаддаза динчу тIелетарша а, гIелбина, гIорасиз бира нохчий. ТIаьххьарчеран тIелетарш вайн правительствон бертахь хилла ца Iара, мелхо а, оцу феодалашна эскаршца а, герзаца а гIо дора. Цкъацкъа нохчийн аьтто хуьлура и шайн мостагIий, лулара феодалаш, шайн йаьIни тIера дIакхийса. Амма линехь болчу вайн воеводаша, Нохчийчу таIзарийн экспедицеш йой, нохчийн дуьхьало а кагйой, и церан мостагIий йуха а церан коча ховшабора. ХIетте а, Россица девне ца бовлура нохчий, ма-хуьллу оьрсашца машар ларбан гIертара. Оцу тIехь йоккха меттиг дIалоцура церан лулахь шина бIе шарахь бехачу Теркан гIалгIазкхаша. Нохчий а, гIалгIазкхий а дика лулахой бара. Йукъараллин дIахIоттам, гIиллакхаш, амалш а цхьаьнайогIура церан. Вовшийн дика гIиллакхаш дIаса а оьцура цара. Вовшашца бертахь, машаре баьхна ца Iаш, вовшашка зударий луш хилла, гергарлонаш а дара. И доттагIалла, барт бохо лаа а ца лаьара царна, йа ойла а йацара. Амма, ахь ма-аллара, вайн правительствон политика вайна дика ма йевза – «къеста а беш, урхалла латтаде». Дукха хан йалале, нохчашна тIелетарш дечу церан луларчу феодалашна гIo дина ца Iаш, нуьцкъаха Нохчийчохь вайн порядкаш хIитто, цигахь колонизаци йан йуьйлира правительство. Нохчийчохь-м хьовха, йерриг крайхь а. ТIаккха Нохчийчохь гучувелира исторехь шайх Мансур аьлла цIейахана Алдара жаIу Ушурма. Иза дIаваьлча, цуьнан гIуллакх йа, вуьшта аьлча, маршонехьа къийсаман гIуллакх шен караийцира церан цIейахханчу баьччас Таймин Бийболата. ТIаккха йехха зIе йолайелира – ГIеза-молла, Шемал. Вайн инарлийн а, чиновникийн а къизалло мостагIалла доьллира ламанхошна а, оьрсийн халкъана а йукъа. Оцу тIехь кIезиг бехк бац вайшиннан а, хьомсара государь!
Кундуховс дуьйцург шена ца хууш, дуьххьара хезаш санна, леррина ладоьгIура Лорис-Меликовс. ЛадоьгIура, амма ойланаш кхечахьа генахь хьийзара. Инарлас дуьйцучо цунна дагайаийтира шен дайн истори. Мацах цкъа, XVI бIешарахь, церан долахь йара Гуьржехара хьоле шахьар Лори. Персин шахийн эскарша сих-сиха тIелатарш дора шахьарна. Цкъа цара дIайоккхуш, тIаккха гуьржийн паччахьаша йухайоккхуш, кар-кара йоьдуш, талайора иза. Оцу талорах кIелхьарбовла гIерташ, 1602-чу шарахь бусалба дине бирзира Лорис-МеликовгIар. Ткъа и шахьар тIаьххьара а гуьржийн паччахьийн дола йаьлча, бусалба дин дIа а тесна, керста бакъдинан тIома кIел бирзира. ХIетахь дуьйна Лориc-МеликовгIapа, шайн синош а, бахам, хьал а лардан гIерташ, дуккха а паччахьаш хийцина ца Iаш, дин хуьйцуш меттигаш а йина. Амма царна а, вукхарна а шаьш кIелнисделлачунна доггах а, тешаме а гIуллакх дора. Иштта тешаме хилира церан тайпа оьрсийн паччахьашна а. И тешам бахьана долуш, ткъе шийтта шо хьалха императоро оьрсийн дворянство йелира Лорис-МеликовгIарна…
– Со-м гIалат хила а тарло, хIетте а, сайна хета кхин цхьаъ а ала лаьара суна, хьомсара Михаил Тариэлович, – кхидIа шен лекци йоьшура Кундуховс. – XIapa ламанхой, къаьсттина нохчий, вайна дуьхьалбахарна бехке вайн эскаршкахь гIуллакхдеш хилла кхечу мехкашкара схьабевлла эпсарш хетало суна. Царах дукхахболчарна бен а ма ца хета Россин а, кхечу халкъийн а кхоллам. Уьш шайна чинаш, титулаш, хьал а лаха ма богIу. Ас буьйцурш дуьххьара Нохчийчу йаьхкинчу вайн отрядийн командираш Кох, Фрауендендорф, де Медем, Кек, Рик, Пьери а, кхечу мехкашкара схьабевлла кхин-кхин а авантюристаш бу. Цара йоккхачу къизаллица хьийшира шайна тIехь олалла латточу гIебартойн а, гIумкийн а феодалашна дуьхьал нохчийн гIовттамаш. И шайн къизаллаш оьрсийн правительствон цIарах лелайора оцу командираша. Ткъа правительствос совца-м мухале а ца дора церан къиза гIуллакхаш, мелхо а, шена хIумма а ца хуучуха, бIаьргаш хьаббой, Iара. Церан болх хета суна шайх Мансур коьртехь Нохчийчоь гIаттар. ХIеттахь вайн правительство кхетаме йеана хиллехьара! Цо и хьере эпсарш, инарлаш йухаоьзнехьара, хIокху тIаьххьарчу иттаннаш шерашкахь шина а къоман цIий Iенна хир дацара. Амма и ца дира правительствос. Оьрсийн пачхьалкхан, оьрсийн герзан сий лардан, цхьанаметтехь диначу къизчу тохарца нохчий къарбарца кхузарчу дисинчу къаьмнийн ишттаниг лелорах догдаккха дезаш хийтира. Амма нохчашна дага а ца догIура къизаллина кIелсовца. Вайн правительствон цхьана къизалло кхин кхуллуш, деха кочар хилира цунах. Шо-шаре мел долу, кIарглора вайн инарлаший, чиновникаший ламанхошна а, оьрсийн халкъана а йуккъехь охку ор. Ламанхошна а, оьрсашна а йуккъехь машар кхайкхочу меттана, царна йукъа питанаш, дIовш туьйсуш, мостагIалла марсадохура. Генна хьалха хьуьйсучу хьекъалечарна гира оцу гIалатан, къизачу политикин хинйолу тIаьхьало. Амма тIаьхьа гира. ТIаьхьа делахь а, кхузахь дIакхоьхьу политика хийца йезар хьийхира цара. ХIетахь, йуьхьанца поэтан Грибоедовн а, тIаьхьа инарлин Раевскийн а, хIинца тIеман министр волчу Милютинан а хьекъалечу хьехамашка вайн правительствос ладоьгIна хиллехьара. Цамзанаш йуьстаха а тийсий, хIокху къоман Iер-дахаран, гIиллакхийн, амалийн хьелашца а дустуш, ларлуш, сих ца луш, кIез-кIезиг вешан йукъараллин дIахIоттам хIокхаьрга тIеэцийта, хIорш мах лело, бахам кхио Iамабе вай, кхузахь школаш, больницаш а йохкуш, хIокхарна йукъа лакхара культура, серло йаржайе вай, бехира цара. Амма правительствос ла ца дуьйгIира оцу хьекъалечу хьехамашка. Мелхо а, тIеттIа тIе алсамйохура къизаллаш. Оцу къизаллаша кхоьллира МансургIар, БийболатгIар, ШемалгIар.
Лорис-Меликовс собаре ладуьйгIира Кундуховн дахделлачу къамеле.
– Иштта-м дара иза, сан хьомсара Муса Алхазович, – элира цо кIадвелла. – ДIадахнарг йухадерзалур дац. Сийлахь-воккха поэт Грибоедов а, инарлаш Раевский, Алексей Дмитриевич Милютин а, цхьана aгIop, къобалбо ас. Амма цара хьоьху некъ, беха а, хала а хилла ца Iаш, оцу заманахь тешам боцуш а бара. Кавказ дIакхалла гIерташ Турци а, Перси а хилла ма ца Iара, малхбузехьара пачхьалкхаш а йара. Уггар хьалха – Англи а, Франци а. Вайн йиш йацара хьоле, стратегин доккхачу маьIне xIapa край вешан мостагIийн карайахийта. Тахана а йу малхбузехьара пачхьалкхаш изза политика дIакхоьхьуш. Вай цхьанне а дIалур йац xIapa край. Вай лелориг Россин а, хIокху ламанхойн а йукъара гIуллакх хилар гойтур ду историно. Дерриг а Iаламан законашца дIадоьду. Уьш хийцалур дац вайга, сан хьомсарниг.
Кундуховс, корта а хьовзийна, доккха садаьккхира.
– Вайша вовшех кхетац, Михаил Тариэлович, – элира цо. – Церан Iер-дахар, гIиллакхаш, амалш, йукъараллин дIахIоттам тидаме а оьцуш, меллаша, кIез-кIезиг российски Iедал кхуза хIоттийнехьара, хIокху ламанхоша Россина дуьхьал цхьа топ а кхуссург цахиларх тешна ву со. Амма вайн правительствос иза ца дира. Цкъа диначу цхьана тохарца дерриг чекхдаккха лиира цунна. ЖамI муха ду? Маситта шарахь, вовшийн хIаллакбеш, тIом, халкъашна йукъахь цабезам, цатешам, мостагIалла а. Нохчийн уггар дикачуьра ах мохк дIабаьккхина. Йеккъа цхьана Соьлжан отделехь биъ бIе эзар десятин гергга цаьргара дIабаьккхина мохк гIалгIазкхашна дIабелла. Доцца аьлча, хIокху тIаьххьарчу шовзткъе итт шарахь церан махка тIе ткъа сов станица а, оццул тIеман чIагIонаш а йехкина правительствос. Кубанан областера, берриг а бохург санна, ламанхой Турце дIакхалхош бу.