Шемалан бIаьхойн дегнаш дуьйхира. Цхьаннахьа а толам ца баккхабелира цаьрга, амма, мостагIчунна цуьрриг зиэн ца деш, шаьш дуккха а хIаллакьхилира. Цхьа а тайпа хаам бацара нохчийн наибашкара. Амма Шемала дог ца дуьллура.
– Дагестанехь вай йинарг буй-тIара бен йац. ТIом хIинцца болалуш бу, – бохура цо тIемалошка. – Кхузахь, Нохчмахкахойн хьаннашкахь, шен майрачу нохчашца кIелхиъна Iаш гендарганойн Iисий, аьккхийн Уллубий, алдахойн Хьаьжа-Юсуффий, шелахойн ТIелхаг, шотойн Ботукъа, гиххойн Сайдулла, кхин иттаннаш майра наибаш бу. Тешалаш сох, цхьа а гаур нохчийн хьаннашкара аравер вац.
Цунах кхоьрура кавказски эпсарш а. ДаьргIа ша дIалаьцча, граф Воронцов паргIатваьлла хабар дийца воьлча, цунна йуххе а хилла, инарло Граббес гIиллакхехь дIахьедира:
– Вайн даккхийдер хьалхе ду, Хьан Локхалла. Нохчийчоь – иза зIуганийн боккха бен бу. Оцу бенан цхьана маьIигах хьакхаделла вай. Кхерам а, тIом а хьалха бу.
ХIаъ, Граббена дика йевзара нохчийн хьаннаш. Ши шо хьалха йоккхачу отрядца цига гIоьртина иза цIонтаройн ШоIипа аьтта дIавахийтира. ХIетахь эзар бархI бIе салтичун дакъа кхузахь а дуьтуш, цхьакIеззиг салташца халла кIелхьарвелира иза.
Шен дош чIагIдеш, оьрсийн эскарех ша ца кхоьрийла хоуьйтуш, инарлашна гуччохь маневраш йан вуьйлира Шемал. Маневраш йийриг цуьнан цхьаъ бен йоцу бевдда шегахьа бевллачу оьрсийн салтех кхоьллина батальон йара.
Амма, дараш кIезиг хиллехь а, Воронцовн отрядан гIуллакх а дацара хIумма а дика. Императоран омра кхочушдеш, Шемалан мехкан дегге а веана, имаман резиденци дIалаьцнера цо. Амма хIун пайда бу цуьнан? Имаман резиденци кхечу йартел цуьрриг башха йоцуш йурт йара. Имамо хIумма а дош ца хеташ йагийра иза, хIунда аьлча иштта резиденци цунна нохчийн муьлххачу йуьртахь а карор йу. Доллучул холчахIоттийнера Воронцов карахь доцчу кхачанан сурсаташа. Обоз хIинца а элаца Бебутовца Iаьндахь лаьтта, ткъа салтий мацаллина герга бара. Хьалха дIадаха а ду кхераме. Йуханехьа Iаьнда дерзаделча-м, кIелхьардовла хьесап дара, амма тIемаш хилла хьаннаш сийсош хIинца Шемалан бIаьхой бара. ХIинцале а кхуза кхаьчнера Шемалан эскарехь тIеман говзаллица гIараваьлла майра наиб шелахойн ТIелхаг. Цул сов, кхуза гулбелла йоккхачу Нохчийчуьра дуккха а нохчий. Йуха кIегардовлар хьехочохь а дацара. Хьалха дIадахча а, кийчча лаьтташ Iожалла йара. Амма уггар хьалха салташна йуург йезара.
10-чу июлехь ДаьргIана лакхахь, Iаьндойн ломахь, РечIел цIе йолчу дукъахь йоккха топ йелира. Обозца ша цига кхачар хоуьйтуш, инарло Бебутовс бина хаам бара иза. Амма, нохчаша сийсочу хьаннашна йуккъехула а йаьлла, обоз кхуза кхачалур йу бохург хьехочохь а дацара. Обозна тIе а кхачий, цигара ранцаш чохь сухарш йан коьртехь инарла Клюгенау а волуш ах отряд хьажийра Воронцовс. Оцу отрядан авангард тIехь куьйгалла дар инарлина Пассекна тIедиллира.
Иза дара Шемална луург. Цо ма-аллара, Граббес ма-чIагIдарра, тIом хIинцца болабелира. Клюгенаун отрядна тIе шелахойн ТIелхаг хийцира цо. Жимачу дегIахь, инзаре каде, даим а эттIачу чоица хуьлу ТIелхаг, оцу дийнахь цхьана минотана а са ца доIуш, динара ца вуссуш, шийтта сахьтехь лийтира.
Буьйсанна, велла а, дийна а воцуш, эттIачу мундирца Воронцовна тIевеанчу Клюгенаус хаам бира, шен цхьа эзар ворхI бIе салти а, эпсар а вийна цаьрца байъина инарлаш Пассек, Викторов йуккъехь, ша цкъа кхалла а сухар ца йеана аьлла.
Цигахь дакъа доцуш вайра Россехь шолгIа Суворов хирг хиларх массо тешна волу майра, къона инарла Пассек.
КхидIа кхузахь сецар Iожалла йара, хьалха дIагIертар санна. Воронцовс шолгIа некъ къастийра. Цо сацам бира Яьссица охьа Гезлой-гIопе гIорта. Иза дича, цуьнан йухавалар массарна а гергахь Шемална тIелатаре доьрзура. Ша цигара меттахвалале, цо инарла Бебутовна омра дахьийтира, Iаьндахь а, Гумбетахь а йолу йерриг этапийн пункташ дIа а йахий, Шура-гIала кIегарвала аьлла.
ХIинца йерриг а догдохийла Кавказски линин аьрру фланган начальниках инарла Фрейтагах тешна йара. Амма муха хаийта деза цуьнга кхузахь хIоьттина хьал? Графо Воронцовс пхеа новкъа пхи стаг хьажийра Фрейтагна тIе, цуьнга кхузара хьал а дийца, дерриг эскарш схьа а гулдай, Гезлойн-гIопе кхача, Яьссица хьала шаьш кIелхьардаха вола аьлла.
Оза, йеха йуьхь, аьрзунан зIок санна, хьаьвзина мара болчу къоначу ТIелхага сема тергам латтабора Воронцовн отрядаша дIа мел боккхучу когана тIехь.
Графо Воронцовс Фрейтагна тIехьажийнчу пхеа стагах цхьаъ Гати-Юьртара МуцIин Iоса вара.
13-чу июлехь 4 сахьт долуш ДаьргIара меттахвелира Воронцов. Хьалха даха атта хилийта, шайца болу беза мохь хIаллакбе, элира цо салташкий, эпсаршкий, ткъа, царна масал гойтуш, шен доларчу безачу механ йоккхачу багажах цхьаьнга цIе тасийтира.
Воронцов шен отрядца Майртуьпехьа ваха воллу моттаделла ТIелхаг, ЦIоьнтарна уллохь позици а лаьцна, чIагIвелира. Амма, отряд регIаца охьайолайелча, иза Гезлойн-гIопе гIертий хиъна, чехкка цул хьалха а ваьлла, Шоьна а, ТIуртIи-КIотарна а йуккъехь долчу Коьжалкан-Дукъахь чIагIвелира. ДаьргIара охьа цига кхаччалц хаддаза тIелетарш дечу Iисас, Уллубис гIелйинера отряд.
Коьжалкан-Дукъахь йуха а болабелира къиза тIом. Кхузахь лен чевнаш хилира графана Бенкендорфна, графана Гейденна, графана де Бальменна, элана Эристовна, баронна Дельвигна, полковникашна Бибиковна, Завалийскина. Доллучул новкъарло йора чевнаш хиллачара. Уьш тIехь болчу хIора бармана тIечIагIвина вара йалх-йалх салти. Ницкъ бора салташна йукъайаьржинчу чуьйнан цамгаро а. Аръергарде а вуьйлуш, коьртакомандующи салтийн дог-ойла айъа гIepтарх гIуллакх ца хуьлура. ТIевеанчу цуьнан адъютанто цуьнга элира, мел гIертарх а, инарлийн Лидерсан, Гуркон, Белявскийн а ницкъ ца кхочу гуо хадо, начальникийн хиллачу кхеташоно сацамбина, уггар майра кIеззиг нах йуххе а баьхна, коьртакомандующи кIелхьарваккха.
Оцу доьхначу гIуллакхашна йуккъехула цхьа кхаъ а кхаьчнера Воронцовна: хIокху тIамехь вийнера нохчийн майрачех ши кIант – эрсанойн Саиб а, веданхойн Элдар а.
– ХIинца а гена бу бохам! Сан хIинца а куринцаш, кабардинцаш бу! – аьлла, адъютантана жоп а делла, салташна тIевахара граф. – ХIан, вежарий, садаьIин аш? Деле доIа де! Суна тIаьхьа, ура!
Туркойн гома тур баттара а даьккхина, нохчийн чIагIонна тIеволавелира къена инарла. Массарел хьалха майра инарла гина салтий, йуха ца бовла чIагIо йина, цунна тIаьхьахIиттира.
Коьжалкан-Дукъахь дуккха а дараш хилла отряд, халла Шовхал-Берда улле а кхаьчна, сецира. Гезлойн-гIопе кхача йисинарг ткъе итт чаккхарма бен йацара, амма йуккъехь Iуьллура тIамехь бахчабелла, йерриг а Нохчмахкахь цIейахана кIентий шайна чохь болу масех йурт. КхидIа гIерта ницкъ кхачийна, кхузахь сецира отряд. Йерриг а дегайовхо хIинца Фрейтагна тIехь йара, амма цуьнгара хезаш хIума дацара.
Суьйранна графо Воронцовс эскаран дакъошка кхайкхам йазбира:
«Массарна а гуш ду вайн отрядан хьал. Шайн кхиамаша дог-ойла гIаттийначу, вайл барамехь дукха волчу мостагIчо гуо бина вайна: чевнаш хилла цхьа эзар пхи бIе стаг ву вайн; даа рицкъа дац; хIоъ-молха данне дац ала мегар ду; кхидIа хьалхадахар хьехадойла йац. Буьйсанан боданах пайда а оьцуш, вайх цхьакIеззиг болчийн аьтто нисбала тарлора вайн дозанашка кхача, амма, и дан доьлча, чевнаш хилла накъостий дIатийса деза вайн, и къа шена тIелоцур дац цхьаммо а, уггар хьалха ас а. Амма йерриг а догдохийлаш йайна йац вайн. Вайгара хьал дIахаийта, инарлина Фрейтагна тIе нах бахийтина ас. Массарна а хаьа иза низам долуш, майра инарла хилар; со тешна ву цо вай кIелхьардохург хиларх. Амма, нагахь вайна Iожалла йоьгIнехь, оьрсийн тIемалошкахь товш ма-хиллара, вешан синош безачу мехах кхузахь дIалур ду вай; иштта меттиг тIейагIахь, мостагIчун кара цхьа а хIума ца дахийта, вешан четарш а, чухула духу духар а чевнаш хиллачарна бинташна этIор вай; дисинарг дерриг хIаллакдийр ду».
Отрядан лагерь Шовхал-Берда уллохь, Яьсси-хин йистерчу цхьана экъан тIехь, йара. Коьртакомандующин ставка – бердан йисттехь. Отрядера хьал хуучу ТIелхига, Яьссина аьтту aгIop позици а лаьцна, цигара цхьанаметта шина дийнахь кхо йоккха топ йеттара. Ткъа цунна жоп дала отрядан цхьа а снаряд йацара. Цхьана метте йаккхийчу тобанашца гулбала кхоьрура салтий. Хьалха тоьхна хаьлжиг йолуш бердан йистехь лаьтта графан четар, цигара дIа а даккхий, тIехьа хIоттаде бохуш, Воронцовна тIеоьхура эпсарш. Амма, уьш тергал ца беш, Воронцов, английски газеташ доьшуш, четар чохь вижина Iуьллура.