Литмир - Электронная Библиотека
Содержание  
A
A

Ткъа Iелина башха хета тIаьххьара ши бIаьсте. Иштта бIаьстенаш цунна ца гина дIадаханчу дерриг а шен дахарехь. Гина-м хир йу цунна, амма тидам ца хилла. Ган а, цунах марзо эца а лиъна цунна, ткъа аьтто ца хилла. Цуьнан дахарехь дIаихначу ткъе кхойтта бIаьстенах, шиъ йоцчара, Iаьржа бала беана цунна а, цуьнан доьзална а, йуьртахошна а, цуьнан халкъана а.

Ло дIадаьлча, хьаннаш, ирзош сенделча, зезагаша бай кхелича, Яьссица хьалагIертачу паччахьан эскарша хIора шарахь йагайора церан жима Гати-Юрт, хьоьший, хьокхий, дагадой хIаллакдора цара куьйга къахьоьгуш къица кхиийна йалташ, байлахь буьтура доьзалш, жоьра буьтура зударий…

«ХIун дийр ду ткъа, Делан кхиэл йу-кх xIapa. ДIайели хьо, тхан маршо, дIайели. ДIайаха хьо, тхан дай, йижарий, вежарий эцна. Амма тхо, декъаза гоьргаш, йиси-кх, xIapa Iазап хьега», – ойла йо Iелас. Цунна хIинца а ца го малхо хьоьсту бIаьстенан Iалам, ца хеза олхазарийн самукъане эшарш, нох ца озалуш, шина стеран биэхьар, уьш чехош мохь беттачу Айзин йишхаьлла аз. Нахаро дIахерцочу мокхачу лаьттаца йукъ-йукъа гучудуьйлучу йаккхийчу тоьпийн хIоьънаший, мекхадоьллачу герзаший, кIаййеллачу адамийн даьIахкаший цуьнан ойла йерриг а дIадаханчу ирчачу шерашка йуьгу.

– Ахьад, Дала гечде шуна! Дала эхарт декъалде шун! – боху цо шабарца гучуйевлла даьIахкаш, схьаоьций, цхьанхьа йукъ-йукъа охьа а туьйсуш. Суьйранна ша дIавахале цхьанхьа йуьстаха лаьттах йухкур йу цо уьш. Цунна биэн дац, и даьIахкаш бусалбанийн хилча а, керстанийн хилча а. Цхьана Дала кхоьллина адамаш ду уьш. Амма, мича дикане кхача гIерташ, летта-те шу? Аш хIун къийсира? Дуьне доккха ма дара, латта шорта ма дара, малхо вай дерриш а ма дохдора! Мала хи, садаIа хIаваъ ца тоьура шуна?

– Гора, оьрсийн паччахь, йаI, хьан мехкан доза дац, бохура, хьан хьолан хьесап дац, бохура. ХIунда веа хьо тхан мискачу лаьмнашка, оха хIун динера хьуна?.. – элира Iелас хозуьйтуш.

– Стаг, ахь хIун боху? – хаьттира цецйаьллачу Айзас, йуха а йирзина, шен майрачуьнга.

Iелас жоп ца делира.

– Хорша, хорша! – мохь туьйхира цо, гурма боьжна тайша сту а човхийна. – Чорин сту дукха ма леллахьа, зуда, ца го хьуна и, чож чу а кхетта…

– Жимма садаIийта вайша? – хаьттира Айзас. – ТIадамо ницкъ бина суна.

– Йуха цкъа гуо а баьхьна, делкъе йийр йу вай. Бераш дийшина Iохккучуьра, дIалахка ахь.

Цхьаъ гаьнгали чохь, важа аганахь бераш кIел долчу кхуре бIаьрг а тоьхна, стерчий човхийра Айзас.

ГIушлакхе баьлла малх, бIаьрса дайъа санна, къегаш хьоьжура. Iаьрчхел дехьа басахь, хьуьна йуккъерчу ирзон коржам тIехь, лаьттах хьаьжкIийн буьртигаш теIош доллура церан лулахо Чора а, цуьнан зуда ЖовхIар а. МаьI-маьIIехьара схьахезара ахархоша стерчий а, бугIанаш а лоьхкуш, вовшашка кхойкхуш, бетта маьхьарий.

Хезара цуьрриг адаман дог хьаош доцу Чорин сингаттамечу иллин къора аз:

…Йуткъачу гIодайукъах

Дихкина ва доьхка

Бухкарах хийца, бах

Паччахьан Iедало!

ДегIана тIеоьзна

Исхаран ва чоа

ГIабалех хийца, бах

Паччахьан Iедало!

Ас коьрта тиллина

Холхазан горга куй

ТIапанах хийца, бах

Паччахьан Iедало!

Дендайха дисина

Болатан ва герзаш

Сарагах хийца, бах

Паччахьан Iедало!

Соьцанна кхиъначу

Динара чувоссий,

ГIашсалти хила, бах

Паччахьан Iедало!

Сан вежарий байъинчу

Цу Делан мостагIийн

Лай хилий, саца, бах

Паччахьан Iедало!

Цаьрцанна охьавуьжуш,

Метта-мотт цхьаъ болуш,

Цхьана шуьнахь важа, бах

Паччахьан Iедало!

Сан Дала, хьарамйеш,

Ва суна йихкина

Хьакхарчий йаа, бах

Паччахьан Iедало!

Чорас наггахь бен ца олура илли. Ша ламаз-марха дика лелош велахь а, зуькаран мукъам ца бора цо. Йа, Iелина хетарехь, и ша хIинца эриг доцург, кхин хууш илли а дацара цунна. Амма гIоргIачу мукъамца цо илли долийча, хаа дара цуьнан кийра хьийзаш цхьа сингаттам хилар.

Гуо кхаьчча, стерчий а совцийна, хьаланисвеллачу Iелас регIан басешка бIаьрг туьйхира. Цхьа моллин Шахьбин а, ХортIин а кхаш тIера боцурш, берриг а ахархой, шайн готанаш дIа а хоьцуш, делкъе йан а, ламазна а кечлуш бара.

– Айза, ас стерчий дIахоьццушехь, хьуьн чу йалий, жимма хьонка баккхахьа, – дийхира цо зудчуьнга. – Нитташ хилча, дика-м хир дара. Хьан туьха дац, моьтту суна?

– Хьуна бохуш лелош, цхьакIеззиг-м ду. Деши санна, даздели иза. Герка туьханах гирда хьаьжкIаш йоьху ХортIас.

– Талу хилла, кийра хьаьвзийла цунна иза! – сардам боьллира Iелас. – Гирда хьаьжкIаш хилча-м, суна туьха а ца оьшура. Адамийн гIаддайча, Дала ло-кх цунна. Делахь, нитташ бахахьа. Хьо йухайаллац, ас берашка ладугIур ду.

Айза Iинехьа варша йисте йахара. Багах чопаш охкийна, Iеле хьаьвсира гIелделла стерчий. Шина стеран ира букъан сирташ, тIейевлла хенан маьIигаш, пIендарш, деттало чож гиначу Iелина къахийтира цаьршиннах. Дукъера баьлла и шиъ, бегабелла, бажа хIоьттира.

Озачу шина старана аха хала дара ирзо. Мацах цкъа Iелин дас Абубакара, кхузара пепнаш охьа а детташ, даьккхина иза тIаьххьарчу пхеа шарахь цхьа а йуххе ца воьдуш лаьттинера. Абубакар вийнера Iела дуьнена волучу буса. ТIамо хеназа баьхьна цуьнан воккхахволу ваша а, нана а, йижарий а. Доьзалх дийна висина Аьрзуй, Iелий виллина тIамехь вара, ткъа ирзо, xIapa тIаьххьара ши шо тIекхаччалц, гуонаха хьовза стаг воцуш, тIе керла, йуькъа хьун а йаьлла лаьттинера. ДIайаханчу бIаьста и къона хьун а хьаькхна, гоьргаш бух а йаьхна, латта охкуш йийра цара хьаьжкIаш, ткъа кху шарахь аха воьлча, орамаша новкъарло йора нахарна.

Нисдеш дукъ чадакх хорша а диллина, дукъарцаш шайн метта дIа а доьхкина, дечиган нох хьалаайъира цо. Нахаран пхатоьда, артделлехь а, мегар долуш дара.

Берашка ладогIа дагахь, кхор болчухьа волавелира Iела. Кхура тIехь эсала бека къоркхокха, xIapa тIевогIу гича, цкъа дIа а тийна, цецбаьлла дIаса а хьаьжна, тIаккха, тIемаш тоьхна, бедда хьуьна тIехула къайлабелира. Ши кIант самавалаза, чIогIа набарш кхетта Iуьллуш карийра дена. Гаьнгали чохь Iуьллучу Iумаран бесни тIехула бедда лела моза дIа а эккхийна, аганарчу Iусмане хьаьжира. Ша ган цхьа а воцийла хиъча, Iела, ховха балдаш хьедеш, набарх велакъежачу кIантана тIе охьа а таьIна, хьажа тIе байн барт белла, тIаккха цунна йуххехь лаьтта чIижалг схьа а эцна, стерчий хьалха а лаьхкина, Iин чу вахара.

Стерчашна хи а малийна, ламаз а эцна, шийла хи дохьуш йухавеанчу цунна нитташ хьакхийна Iаш карийра Айза. Цо кхача хьалха билларе хьожуш, верта а даржийна, цу тIе дIатевжира майра. Амма кхача хьалха буьллуш дукха хан ца йийзира. ТIулган экъан тIехь йакъош йеттинчу сискалан ах шина декъе а йекъна, доккхахдолу дакъа майрачунна хьалха теттира зудчо.

– Туьха жимма кхоийна ас. Суьйранна оьшур ду вайна иза.

– ЧорагIаьрга схьакхайкхахьа, – элира Iелас, кхачанна тIе а ца кхевдаш.

– Вай хIун йао кхойкху цаьрга? Сарахь хьолтIамаш йийр йу ас, тIаккха балор вай.

– ГIиллакхехь ма дац.

Чора а, ЖовхIар а садаIа сацаза дара. Чора хьалхавоьдура, ирбинчу хьокхица лаьттах кIаьгнаш дохуш, ткъа, кучан йуха чу хьаьжкIаш лаьцна, ги бер доьллина тIаьхьахIоьттинчу ЖовхIара царна чутуьйсуш, тIе ког хьокхуш, дIакъуьйлура буьртигаш.

– Ва Чора! – кхайкхира Iела.

Чора, беттачуьра хьокха а сацийна, хьалатаьIира.

– Схьадуьйлийша, цхьаьний хIума кхалла вай?

– Баркалла, Iела, гIоза йоийла! Шуьгахь доллу дабагIа ду тхойшингахь а. Суьйранна цхьаъ дер вай.

И шиъ схьа ца догIуш сецча, Iела йуучунна тIехилира. Шена хьалхара сискалан доккхахдолу дакъа зудчунна хьалха а диллина, цуьнниг шена хьалха уьйзира цо.

– Ас даим олуш ду хьоьга, йуучунна тIехь со толо ма гIерта.

Айзас сискалан йуьхк майрачунна хьалха теттира:

– Стаг, хьо-м къахьоьгуш вай, вуззалц хIума йууш ца хилча, дегIехь ницкъ хир бац.

– Асчул тIех къахьоьгу ахь. Соьца болх бина ахь, хIинца, со садаIа агIорваьлча, берашна гуонаха хьийза а деза. Цул сов, айхьа йуург бераца а йоькъу.

12
{"b":"858171","o":1}