Чхьоча. ХIинццалц хIун деш вара хьо? Ишколе ца воьдаш, цхьа а сацийний ахь?
Вадал. Хьехархочуьнца-а бара уьш, Воккха Босс! Массо а чу вахана!
Чхьоча. Хьо хIун деш вара, тIаккха, боху ас хьоьга? Беша йоьгIна мунда санна лаьтташ вара хьо? Йа палас санна, Iуьллуш вара хьо?
Вадал. Вацара, Воккха Босс! Мунда санна а вацара, палас санна а вацара, суо хьалха ма-хиллара вара! Болх беш вара хьуна со, Босс! Оцу хьехархочо цхьа а йуьстах ца валийтира. ХIинцца цера урок чекхйер йу, тIаккха цара смартфонаш хьалалатор йу, тIаккха ас хоуьйтур ду хьуна царна Зуламан турпалш муьлш бу!..
Чхьоча (мохь хьокхий, луьйчара йукъахвоккху). Ахь хIумма а дийр дац! Цхьа а гал а воккхур вац! Хьуна луш долу долларш эрна ду, моьтта суна!
Вадал. Дац хьуна эрна, Воккха Босс! Ас хIинцца…
Чхьоча (йуха а Вадал луьйчара йукъахвоккху). Тоьар ду! Реза вац со хьуна! ХIинца хьуо волччахь Iе! Сан омране ладугIур ду ахь! (Телефон дIайойъу, къайлаволу).
Вадал (ойланеваьлла). ХIахI! ОьгIазваха хьуна! Суна хаара реза хир воций … ХIун дан воллу-те хIинца? ХIун омра дан воллу?.. Собар дан деза, хIокхера, (ца вешаш) «дарс» чекхйаллалц, къайла а ваьлла.
Вадал дитташ тIехьа дIалечкъа. Ишкола чуьра бераш ара а довлуш, дIаоьхуш ду. ТIаьххьара цхьа кIант йуххехь а волуш, арайолу Айбика.
Айбика (дIадоьлхачу берашка куьг лестадо). Марша гIойла шу, бераш! Кхана гур ду вай! Диц ма делаш Iамо дезарг!
Бераш. Дицдийр дац! Дицдийр дац! Iодика йойла, Деца Айбика! Марша Iойла!
Цхьажимма латта а лаьттий, шеца волчу кIантаца дIайолало. ЦIеххьана, охьахуучу беракемана гIовгIа хеза. Айбика, цецйолий, йухахьожу.
Айбика. ХIара хIун ду? ХIинццалц кхузахь хезна гIовгIа а ма йац иза-м! (КIанте) Схьавола, ишкола чу гIо вайшиъ!
Ший а неIаре долало, амма, оцу минотехь, кхарна водий, тIевогIу Вадаллий, полицхо Хьадаллий. Цу шимма, воггIашехьа, шина а агIора, катухий, Айбика схьа а лоций, дIайадайо.
Айбика (мохь хьоькху). ДIахеца со! Шу муьлш ду? Шуна хIун оьшу?
КIант (тIаьхьа хьодий, полицхочунах тассало). ДIахеца иза! ДIахеца! ДIахеца!
(Полицхочо дIатоттий иза вожаво, амма, иза хьала а иэккхий, йуха а цунна тIекхета, пхьаьрсах чIогIа цергаш йухку.)
Хьадал (мохь болу). Iа-а-а! Веха ма ваха хьо, жIаьлин кIорни! (Айбика дIа а хоьций, кIантана шен хаьнтIехь кхозуш йолу гIаж тухий, иза вожаво, йуха тIекхетий Айбика схьа а лоций, шиммо а, йадайой, мохь хьоькхуш йолу иза къайлайоккху. Цхьажимма Iуьллий, кIант, меттавогIу, хьалагIотту.)
КIант. Орца дала! Орца дала! (Техка а техкаш, йурт йолчахьа волало.)
ШолгIа сурт
Инзаре лекха тIекIелйина гIишлош йолу Зулам-гIала. ЧIогIа кечйина чоь. Кресло чохь, аркъал а вахана, Iаш ву Чхьоча. ЧувогIу Хьадаллий, Вадаллий.
Хьадал. Босс! Пурба ло хаам бан! Хьан омра кхочуш дина, Хьан Сийлалла!
Вадал. Воккха Босс! ЧIоIа тIом бина, схьайаьккхина, йалийна оха Нохчийн Къоман Хьехархо!
Чхьоча (ца вешаш). Гира суна аш бера-тIорзанца бина чIогIа тIом!
Хьадаллий, Вадаллий, цецволий, вовшашка хьожу.
Вадал(цецволий). Хьуна муха гина иза, Босс?
Чхьоча. Дицделла шуна со мила ву? Со ву Зуламан Супер Турпалхо! Воккха Босс!! ХIокху дуьненан массо маьIIехь дерг гуш ду суна! Шу лергйахаргаш йу, Зуламан турпалхой дац!
Вадал. ТIаьхьадаьлла доккха орца ма дара цунна, Воккха Босс!
Чхьоча. Ахь къаьсттина чIогIа тIом бира къигаца! Вен ца вуьш дика витира хьо цуо! Хьа-хьа-хьа-хьа! (ца вешаш) Супер турпалхой! Лергайахаргаш! Мичахьа йу и Хьехархо? Схьайалайе!
Ший а дIахьоду. Дихкина куьйгаш а долуш, коьртах доьллина гали а долуш йолу Айбика чуйалайо.
Вадал. ХIара йу и зуламхо!
Чхьоча. ДIадаккха цуьна коьртах доьллина гали! ДIадаста куьгаш! Мича йахарна кхоьру шу иза? Хьаша ма йу иза!
Хьадал. Йада гIерташ хала йалийна хIара, Босс! (Коьртах доьллина гали дIа а доккхий, куьйгаш дIа а достий, пхьарс а лоций, Чхьочина йуххе тотту.) ТIегIо Боссана!
Айбика (Шен куьйгаш дIадосттушехьа, Хильдина ластадой тIара туху.) Сан вац цхьа а босс! Со шун хьаша а йац! Шуна хIун оьшу соьгара? Со хIунда йалийна аш?
Чхьоча (буьрса). Хьаша хила ца лаахь, сан лай хир йу хьо!
Айбика. Нохчий цкъа а хилла бац цхьаьнни а лай! Со а хир йац!
Чхьоча (ца вешаш). «Нохчо», «Нохчалла», «Нохчийн турпалаллин иллеш». Дицдийр ду ахь и дешнаш! Уьш дуьйцуш, бераш талхош йу, боху хьо! Тхо ду Супер турпалш! Зуламдай! Тхо дуьйцур ду ахь хIинца дуьйнна! Вай цхьаьна болх бийр бу!
Конец ознакомительного фрагмента.
Текст предоставлен ООО «Литрес».
Прочитайте эту книгу целиком, купив полную легальную версию на Литрес.
Безопасно оплатить книгу можно банковской картой Visa, MasterCard, Maestro, со счета мобильного телефона, с платежного терминала, в салоне МТС или Связной, через PayPal, WebMoney, Яндекс.Деньги, QIWI Кошелек, бонусными картами или другим удобным Вам способом.