Литмир - Электронная Библиотека

Арби Усманов

Болат – нохчийн турпал кIант

Нохчийн меттан шарна лерина

ВорхI суьртехь лахарчу классерачу дешархошна а, кхиазхошна а лерина пьеса.

Дакъалоцуш берш:

БОЛАТ – нохчийн кIант;

АЙБИКА – мехкан хьехархо;

МЕХКАН КЪАНО;

Чхьоча – Европин куьцехь долу духар дуьйхина, галстук йихкина, коьртахь шляпа а йолуш волу, верстина стаг. Багахь узуш луьлла йу, карахь гуттара а лелош лазеран буьхьиг болу Iаса йу.

ХЬАДАЛ – полицхо;

ВАДАЛ – Чхьочин накъост, пхьуьйшаш тIехь коьрта туьтана суьрташ а долуш, Iаьржа духар дуьйхина, боккха кIунзал болуш, къаьрзина баккхий бIаьргаш а болуш, карахь телефон а йолуш ву;

ЖIАЬЛА ГУДИ;

КЪИГ КЪАР-КЪАР;

БЕРАШ, ЧАНГIАЛКХАШ, ЗУЛАМ – эскархой.

Хьалхара сурт

Йуьрта йистера бес-бесара зазадаьккхина стоьмийн беш. Тайп-тайпанчу олхазарийн эшарш йека бешан маьI-маьIIера схьа. Оцу зазанаший, сеналлаший хаздина Iалам. Олхазарийн эшарш цIеххьана, дIасоцу, схьахеза «Хьоме Даймохк» эшаран мукъам. ТIаккха, багахь и эшар а локхуш, догIуш, гучадовлу Айбикий, цуьнца берашший.

Вайн дайша ларбина,

Наноша хазбина,

Хьоме Даймохк

Вайн лаьмнаш хаздина

Аренаш сенйина

Хьоме, сийлахь Даймохк,

Хьан лекха лаьмнаш,

Шера аренаш,

Хьоме Даймохк,

Дукха безарна, Тоха са дац сан,

Нана, Даймохк! (2-зза)

БIаьстенан малхо мелчу догIанца

Лийчор бу сан Даймохк,

Тхан дайша ларбина, наноша хазбина,

Хьоме, Сийлахь Даймохк

Хьан лекха лаьмнаш, шера аренаш,

Хьоме Даймохк,

Дукха безарна тоха са дац сан, Нана-Даймохк! 2-зза

Йиш чекхйаларца Хьехархо а, бераш а совцу «Ишкол», аьлла, тIейаздинчу гIишлона хьалхахь.

Айбика.      Ма дика а лекхи вай эшар цхьаьний! Вай ишколе схьа а кхечи. Дела реза хила шуна, бераш, суна дуьхьал даьхкина!

Бераш (цхьаьний).      Дела реза массарна а хуьлийла вайна, тхан хьоме Хьехархо, Деца Айбика!

1-ра кIант.      Тхо гуттара а догIур ду хьуна дуьхьал! Хьо генара схьайан йезаш ма йу.

Айбика.      Дукха дахийла шу, сан дика бераш! (Бераш марадухку, коьртех куьг хьоькху)

2-гIа кIант.      Деца Айбика, цхьа хIума хатта мегар дуй?

Айбика.      Дера, мегар ду! Хатта ахь.

1-ра кIант.      Вай лекхначу эшарехь «Вайн дайша ларбина Даймохк» аьлла дешнаш ду. Иза муха ларбина? Хьанах ларбина?

Айбика.      Вайна Дала белла хIара хаза Даймохк дIабаккха гIерташ дукха мостагIий тIелетта массо а заманахь. Аренца а, ламанца а дукха хаза йарташ, хаза Iалам а ду вайн. ТIаккха, гIамаршкахь, аренашкахь Iаш болу цхьаболу паччахьашший, элий вайн мохк хазахеташ, дIабаккха гIерташ, тIамаца тIелеташ хилла. Царна дуьхьал ша-доллу халкъ гIоттий, вайн дайша, тIом а бой, уьш йухалохкуш хилла. Иштта ларбина-кх цара вайн Даймохк.

2-гIа кIант.      Со-м ца кхета, Деца. Даймохк дIа муха боккху? ДIа-м бахьалур ма бац иза?

Айбика.      Хьажал, дукха вахарг! Вайн дай байъа а байъина, схьа а баьхкина, шайн Iедал а законаш а хIиттийна, дийна биссинчу нохчех шайн лайш а бина, охьахевшича, дIабаьккхина ца хуьлу мохк? И ца дайта вайн маьрша дахар лардина-кх цара. Эрна аьлла ма дац «Дайн мохк»

1-ра кIант.      Ма нийса а ду.

1-ра йоI.      Деца Айбика, тIаккха наноша муха хазбина вайн Даймохк?

Айбика.      Иза дика хаттар ду! Наноша хазбина бохучуьна кIоргера маьIна ду. Цара, дер, хазбина шайн хазачу гIиллакхашца, оьздангаллийца, хазачу духарца, оьзда доьзал кхиабарца. ХIинца, вайн заманахь кхуза баьхкинчу кхеча махкарчу наха муха олу? «Ма хаза мохк а, хаза гIиллакхаш долуш адамаш а ду Нохчийчохь!» Иштта, вайн наноша вайна а гайтина, муха хила йеза нохчийн зуда, нохчийн йоI!

2-гIа йоI.      Дела реза хуьлийла царна! Дела реза хуьлийла хьуна, Деца Айбика!

Айбика.      ТIаккха, бераш, хIинца вай чудоьлху хан хилла! Тахана вайн хьалхара дарс стенах лаьцна йу, диц-м ца делла шуна?

Бераш:       Хьалхарниг. Нохчийн иллех лаьцна йу-кх!

ШоллагIниг. Турпалаллин иллех лаьцна!

Айбика.      ТIаккха, селхана вай стенах лаьцна дийцира?

1-ра кIант.      Нохчийн меттан хазаллех лаьцна!

1-ра йоI.      Ма хаза бу нохчийн мотт!

Айбика.      Нийса боху. Оцу иллешкахь буьйцуш бу-кх, вайн мохк, вайн сий лардина болу къонахий! Хаза хетий шуна турпалаллин иллеш?

Бераш.      Хета! ЧIогIа хазахета!

Айбика.      Ткъа, дарс хIу йу ма хаьа шуна?

Бераш.      Дера, хаьа! Оьрсийн маттахь урок йу-кх!

Айбика.      ХIай-хIай! Нохчийн мотт цIена бийца беза. Нохчалла ларйан еза! Эрна аьлла ма дац цунах «Ненан мотт»! ХIахI, дика ду! Чу доьлха вай, кхин а бераш ма ду вайга хьоьжуш! ЛадогIал, сан диканиш! Шайгахь йолчо хьалххе телефонаш дIайайъал! Йуккъехула йека йолалой, новкъарло йо цара, шу дуьйцучуьнга ладогIа а ца дуьту.

Бераша телефонаш дIайойъу, Уьш ишкола чу боьлха.

Бека малхбузехьарчу мехкан чIогIа, марсабаьлла мукъам. Дитташ тIехьара схьаиэккха, пхьаьрсаш тIехь коьрта туьтанан суьрташ а долуш йолу, Iаьржа хорма йуьйхина, къаьрзина баккхий бIаьргаш а болуш, боккха кIунзал болуш волу стаг. Цуьна карахь йоккха мобильни телефон йу.

Вадал (хьовсархошкахьа а воьрзий, ца вешаш) ДIайолаели хьуна хIара хIинца! «Нохчийн мотт!» «Нена мотт!» «Нохчалла!» «Турпалаллин иллеш!» (Тебна-а, воьдий, ишколан кора йуххе охьахуу, телефона тIе пIелг а хьоькхуш.) Турпалш ас хIинцца гойтур бу шуна! ЗУЛАМАН СУПЕР турпалш! Тхо ду – СУПЕР турпалш! ЗУЛАМДАЙ!!! (Телефон лере лоцу.) Хеллоу! Хеллоу! Телефонаш дIа ма йайъалаш, цуо хабар дуьйцу шуна! Ас тамашийна хIуманаш дуьйцур ду шуна!

Йуххехь лаьттачу дитта тIе охьахуу къиг.

Къиг.      Къаррр!

Вадал, кхералой, ша волччахь ирах кхоссало, тIаккха хьалаиэккха.

Вадал.      Са дала хьан! Кхерийна, чуьра са дIадаьккхи-кх сан цуо! Киш-ш-ш! (шен карара телефон ластайо, амма къиг шек а ца йолу, муххане а, кхунна тIейоьрзу.)

Къиг.      Къарр! Къарр!

Вадал.      ДIасацайе и хьайн батт! И ду хьуна «Вон къиг вон Iоху» бохург.

Къиг.      Къарр! Къарр! Къарр! (дитта тIера хьала а гIоттий, Вадална тIоьхала хьаьвза, иза, кхералой, охьахуу. Къиго кхо-биъ го а тосий, чухецалой Вадалан тIуьсигах зIок туху.)

ВАДАЛ.      Вай-вай-вай!..

Къиг.      Къар-къар-къар! (ТIемайолий, дIайоьда)

Вадал (хьалагIотту). Хьайн садолийла хьан! Собарде ахь! Ас бийр бу хьуна хьан болх! Хьажахьа! Къийгаш а, дер, йу хIокху нохчийн цхьа тамашийна, сийдоцуш!

Телефона тIе пIелгаш хьекха волало. Реза воцуш, телефон дIаса йетта.

ХIара хIун ду? Цхьаммо а схьаоьцуш йац телефон! Цкъа а хилла хIума ма дац хIара! ХIокху «Нана-хьехархочо» дIайайъитина хьуна цаьрга телефонаш! Иштта гIуллакх дIадодахь, ладугIуш стаг а вуьсур вац! Босс реза хир вац! (Йуха а телефона тIе пIелгаш хьекха волало, ладугIу.)

ВАДАЛ.      Хеллоу, Босс! Бехк ма биллалахь, Босс! Со ву, ВАДАЛ!

Чхьоча (сценийн дехьа агIора схьаго, лере лаьцна телефон а йолуш.) Хеллоу, Вадал!

Вадал (хьесталуш). Де дика хуьлийла хьан, Босс! Могашалла муха йу хьан? Наб дика кхетий хьуна? ХIума дика йаалой хьоьга?

Чхьоча.       Наб а кхета, хIума а дика йаало (гайтIе куьг хьоькху) Сан наб стенна йуьйцу ахь? Схьабийца айхьа бина болх!

Вадал.      Воккха Босс! Дика дIабоьдаш бара сан болх, хIокху цхьана хьехархочо новкъарло ца йахьара!

Чхьоча (реза воцуш). Хьехархо ца йуьйцу ас хьоьга! Берашца болх бе, ца аьлла хьоьга? Телефонаш йац цаьргахь?

Вадал.      Телефонаш- м йара, Босс, амма, оцу хьехархочо «Нохчалла», нохчийн гIиллакхаш, нохчийн халкъан турпалхой буьйцуш, нохчийн мотт буьйцуш, соьга ладогIа ца дуьту бераш.

Чхьоча (буьрса). Со реза вац ахь бечу балхана. Дуьненна а бевзаш болу Зуламан Супер Турпалхой бовза ца лаьа, бохург хIун ду?

Вадал (воьхна-а). Иштта хилла-кх, Босс, хIара нохчий! Бехк ма биллалахь, Босс! ОьгIаз ма гIолахь! Со хьожур ву хьуна уьш галбаха! ХIинцца урок чекхйаьлча, цара телефонаш хьалалатор йу, тIаккха ас гойтур ду царна турпалш мичахьа бу! Зуламан Супер турпалш!

1
{"b":"860936","o":1}