– Соьгахь дац… КIантана беана кхача боцург… Сискал, нехча, хохаш…
Воккха стаг, вист ца хуьлуш, йуьстах лаьттара.
Карахь дIаса а хьийзийна, ахча гIовталан кисана тесира пиркечика.
– ХIета, сайга хIун дало, хьожу со, – гIопа чу вахара иза.
Дукха хан йалале гIопан кевнехь гучувелира пиркечик а, нохчо-эпсар а, гIалгIазкхийн вахмистр а.
– И къона ши зуда чуйаийта, – царна тIе пIелг хьажийра эпсаро. – Церан таьлсаш талла дика. ДегIах а хьажа.
Нохчо-эпсар а, пиркечик а, туьканан коре а вахана, къамеле велира.
– ХIан-хIане, бабанаш! Цхьацца йогIуш, схьа тIе дуьйлал, – мохь туьйхира вахмистро. – Къенаниг, ахь собарде. ХIун йу шун таьлсаш чохь? Бомбанаш-м ца йеана аш шайн разбойникашна?
Вахмистр таьлсаш кего вуьйлира.
– Йохьург а йелара цхьа чомехь xIyмa. Суна а кхочур йара жима-тIама. XIоpa дийнахь массара а йохьург йакъайелла сискал, кIон хохаш, муьста нехча. Дакъийна жижигаш, дуьмеш хIунда ца дохьу? ХIинца дегIах хьовсийтал. Куьйгаш хьаладахийта.
Къоначу зудчун дегIах куьйгаш хьекха вуьйлира вахмистр, томкано мажйина, говрачарех тера шуьйра, йаккхий цергаш а къажийна. Куьйгаш некха тIе хьалагIоьртича, зудчо, разйаьлла, чIогIа тата доккхуш, вахмистран бетах тIара туьйхира.
– Хьакха!
Вахмистр, вахьийча санна, зудчунна тIе а къаьрзина, вогIавелира. ТIаккха, цIеххьана саметта а веана, ши буй айъина, зудчунна тIекхоссавелира. Амма иза сацийра, настарх хьаьрчина, варех цергаш йоьхкинчу кIанта а, гIопан кевнехь гучуваьллачу йесаула а.
– Хьожа йогIу зуд! – мохь хьаькхира вахмистра. – ДIайовла кхузара, варраш! БIаьрга гур бац шуна шайн разбойникаш! Ас набахтехь бахкор бу уьш!
Ткъа йесаул, гIадвахана, воьлура.
– БIаьрг ма хила цунна, ма таза а туьйхира цо хьуна, Афонич! ЭхI, ма воккха Iовдал а ву! Ва-хьа-хьа! Бода бу хьо, Афонич, хьо ма-барра. Иштта шога хуьлу ткъа мадамашца? Чано санна, куьйгаш хьоькхуш. КIеда-мерза дешнаш олуш, ховха куьг хьоькхуш, эсала хьаста ма йеза.
– ДIадовла кхузара, йешапаш!
– Ларлуш хила, Афонич. Церан цхьана башибузуко чоко хоьцур йу хьан, – дIахьажавеллачу йесаулана гира йуьстах хIоьттина лаьтта некъахо. Иза кхузарчу нохчех воцийла хиъна, забарш йитира цо. – Бахархошца гIиллакхе хила веза, господин вахмистр. Тахана тутмакхашна тIебуьту де дац. Кхача схьаоьцур бу шуьгара, амма тутмакхаш гойтур бац.
Эпсаро дуьйцучух ца кхеташ, бIаьргаш бетташ Iийна зударий, вахмистр шайна йаппарш а йеш дIавахча, пиркечикна тIебирзира:
– Тхан ахча?
– Тхо Iехийна ахь?
– Охьадилла тхан ахча!
– Кхин хьайгахь ницкъ боцуш лелара хьо?
Нохчо-эпсар, шена хIумма ца хуучуха, ладоьгIуш лаьттара.
– ХIун ахча хьехадо цара? – хаьттира цо пиркечике.
– Йукъарло дийца аьлла, деллера соьга… вахмистрана дала. Шайн гIуллакх шаьш галдаьккхи аш. ХIан, дIаэца шайн ахча…
ХIорш девнаш деш лаьтташ, йоккхачу стеган, Iадийча санна, цIеххьана мохь белира.
– Со-и-ийп…
ДIахьажавеллачу некъахочунна гира гIопан кевнах араваьлла унтер а коьртехь кхо салти а, царна йукъахь ши куьг къевллина букъа тIехьа дихкина валош стаг а. Йеха, оза йуьхь хьулйинера Iаьржачу можо. Мекхаш дара бага а, мера чу а чоьш хьийзина. Амма нийсачу, элдарчу дегIо а, кадечу боларо а гойтура иза къона стаг хилар. Йоккха стаг, тIе а хьаьдда, маракхийтира цунна.
– Со-и-ийп… Нана лойла хьан… Хьуна тIехь хIун дина оцу къацахетарша?..
КIант ма-хуьллу нана тейан гIертара.
– Ма йелха… ХIумма а ца дина суна. ДуьххьалдIа, корта-маж ца йаьшна…
– Стенна лаьтта шу, цушинга а хьоьжуш? – мохь белира йесаулан. – ДIасадаккха и шиъ.
Салташа, цхьаммо къона стаг, вукхо йоккха стаг дIаса а озийна, вовшахдаьккхира и шиъ.
– Нана! Хьайх xIapa Делан мостагIий ма кхардабелахь… Сан дас хьайга дина весет дицделла хьуна? Хьо-м нохчочун нана йай… Дерриг лан собаре а, майра а хила кхоьллина…
ТIехь салти а волуш, ши говр йоьжна гIудалкх схьахIоьттира царна улло. Къона стаг хьалха хьала а ваьккхина, гIудалкха тIевелира важа виъ а.
– Суна ма йелхалахь! Со йухавоьрзур ву…
– Со-и-ийп… Хьан да а ма вайна доьза… Сийначу Сибрехь… – тIаьхьахьаьдда зуда, гIорзанах ког а тасабелла, берталкхийтира.
Некъахочо, тIе а вахана, хьалагIаттийра йоккха стаг.
Ши салти а, тутмакх а, урамо голатухучохь дIа а хьаьвзина, къайлавелира.
ХIетталц ладоьгIуш, йуьстах лаьттина воккха стаг, тIе а вахана, зудчунна маслаIат дан вуьйлира:
– Баккъал а, ма кхардабехьа xIapa Делан мостагIий. Хьо йелхарх, къахета стаг ма вац царна йукъахь. Уггар хьалха и дIогахь лаьтта ши нохчо а. ЦIа ваийта а ма мега. Суд йахь а, цхьа-ши шо хан тухур йу. Иза хIинцца дIаер йу. ЦIа вогIур ву. Къона ву, могаш ву.
Зуда, кIез-кIезиг йогIуш, маслаIате йеара. БIаьргех корталин тIемаг а хьаькхна, доккха садаьккхира цо:
– Иза-м вогIур ву… Со йехар йуй, хаац-кх, хIетталц… Да а ма лаьцна цуьнан, иза дуьнен чу а валале… Цуьнан бIаьра а хьоьжуш ма даьккхина ас xIapa тIаьххьара ткъе йалх шо… ХIинца йесачу хIусаме йерза йеза-кх со…
– Гергара нах буй кIентан?
– Гергара нах бу. Амма ден ваша а, шича а, маьхча а вац…
– Хьо мичара йу?
– Гати-Юьртара…
– ХIун дийр ду ткъа? Дика а, вон а Делера ду-кх. Цунна тIе болх биллина Iийр ду-кх вай. АлхьамдулиллахI, цо вониг дийр дац…
Зудчунна тIе ченан кIур а тухуш, уллохула тIехъиккхира хьаргIанан басахь, хье тIехь деха кIайн сет а, кIайн когаш а болуш йоккха говр йоьжна кIеда гIудалкх. Денщикана тIехьа, кIедачу миндарна тIехь воттавелла вара гIеметта хIоьттина подполковник. Ворта лацаелча санна, йаьIна кхин дIаса а ца хьовзош, нийсса хьалха дIа ши бIаьрг а боьгIна, тIехвелира иза.
ГIудалкхана тIаьхьа гIопан кевнехьа схьахьаьдда вогIy подпоручик шена улло нисвелча, сацийра некъахочо:
– Бехк ма биллалахь, поручик, мила вара оцу гIудалкха тIехь хIинцца чувахнарг?
Цецваьлла подпоручик къаьрззина некъахочуьнга хьаьжира:
– Иза мила вара бохург хIун ду? Хьо стигалара воьжна-м вац? Цуьнан оьздалла, округан начальник а ца вевза хьуна?
– Добровольский вара иза?
Подпоручикан цецвалар шекваларе дирзира. Иза лерина хьаьжира некъахочун духаре, йуьхь-сибате а.
– Ткъа хьо мила ву? Хьуна стенна оьшу господин Добровольский? Зеламхин гIеранах-м вац, хетий, хьо? Хьалхавалал суна. Вай цигахь къастор ду, хьо мила ву а, господин Добровольский мила ву хаа хьо хIунда гIерта а.
Нохчо-эпсар шен декхар оццул чIогIа кхочушдан гIертаро самукъадаьккхира некъахочун:
– Даржехь сихха лакхавер ву хьо, подпоручик.
– И хьоьга хоьттуш дац. Со эца гIерташ, хьестало хир ву хьо. Бакъ дац хьуна моьттург. Хьалхавалал гIопехьа.
– ДIавало. Со-м господин Добровольский волчу вогIуш ву.
Коьртера охьа когашка кхаччалц йуха а некъахочуьнга бIаьрг туьйхира подпоручика. ХIинца цунна ца хаьара, оцу стагаца ша къамел муха дан деза. Делахь а цхьаъ хаьара эпсарна: xIapa шен махкахо хьаькамех стаг цахилар а, нагахь иза хьаькамех велахь а, цуьнан а, шен а карахь цхьана а тайпана ницкъ цахилар а.
– Схьагайтал документ! ХIapa дуьне дуьзна бунтовщикаша. Обаргаша, народникаша, эсдекаша. Уьш берриш а цхьаъ бу. Къуй а, бандиташ а.
Некъахочо, кисанара схьаэцна тIаьрсиган бохча схьа а диллина, цу чуьра даьккхина паспорт а, цхьа кехат а дIакховдийра.
Подпоручик вехха Iийра кехате хьоьжуш, балдаш хьедеш.
– Мелхо а, дика ду, ас хьо нуьцкъах дIавига ца деза, – паспорт а, кехат а йухадерзийра цо. – Цуьнан оьздаллина хаьий хьо вогIийла?
– Хаа декхар-м ду. Иштта веза хьаша вогIуш, Iедало хьалххе хаам бо бухарчу хIусамдега.
Шаьшшиъ дIаволавелча, некъахочо ойла йора хIетта шен бIаьргашна гинчу суьртан. Кхузахь а, Сибрехь а – массанхьа а массо къомах болу салтий а, эпсарш а, полицейский а, жандармаш а цхьаъ бу-те? ТIулган дегнаш долуш? Йа xIоpa дийнахь шайна гучу оцу харцонех а, къизаллех а боьлла-те уьш? Ишттачу тешаро уьш шаьш а баьхна-те оцу харцонан, къизаллин новкъа?
ХIун хуьлуш ду-те оцу адамех а, кху дуьненах а?
Хехь волу эпсар, некъахочун бакъонан кехаташка а хьаьжна, уьш карахь начальникан кабинета чу вахара. Масех минот йаьлча, сени чу а ваьлла, вист ца хуьлуш, хIокхуьнга неIарехьа корта тесира цо.