Некъахочунна хазарехь, и йукъаметтигаш цуьрриг а тоелла йацара ткъе вopхI шо хьалхачул. Цхьа-ши шо хьалха ШаIми-Юьртан базарахь, гIалгIазкхий нохчашкара герз дIадаккха гIоьртича, дов даьлла хилла, шина а агIорхьара нах а бойуш. Оццу хенахь Карабулакски станицерчу гIалгIазкхаша талийна гIалгIайн йурт Яндаркъа. Ткъа стохка Сунженски отделан атамана, ссылкера бевдда цIа баьхкина ламанхой лоьху ша аьлла бахьана а хIоттийна, талийна Экажев-Юрт.
– Хьаькамаш байарх, тIе галдовлар бен, гIуллакхаш нислур дац вайн, – элира некъахочо, ша-шега олуш санна.
– ХIун дан деза ткъа?
– Iедал хийца деза. Хьаькамех цхьаъ вийча, цуьнан метта кхин хIутту. Хьалхачул къизаниг йа сонтаниг.
Ворданан да, кисанара кисет схьа а йаьккхина, хедош тойинчу лоьдгех цигаьрка хьарчо хIоьттира.
– XIapa Iедал тIе ца даийта а гIиртира, тIедеача, дIадаккха а гIиртира. Цунах гIуллакх ца хилча, жимма мукъана а къамкъарг малйайта а гIиртира. ТIаккха вайна тIехь динарг а гуш ду-кх. Iедало хIиттийна йуьртдай тIе ца лаца а, Iедална текхамаш ца бан а гIерташ, дуьхьало йира кху Iай Нохчмахкарчу йарташа. ХIун хили цунах? Массо йарташкара, йукъ-йукъара, нах лийци. ХIан-хIа, Зеламхина тIаьхьадахар бен, кхин некъ ца бисина.
3
XIapa шиъ Ведана чукхочуш, цаьршинна тIаьхьакхиира дика ши говр йоьжна йогIу гIудалкх. Цунна тIехь кIедда техкаш хиъна Iapa сирдала доьллачу хьаьрсачу маж-мекхана цIен гIина а диллина, йерстина цIен беснеш, чIенига кIел кхалкъ йолуш, воккхаллехьа лестина стаг. ХIокхеран ворданца нисвелча, цо боларе йехира чаболахь йoгIy говраш.
– Ассалам Iалайкум, Тасуха!
– Ва Iалайкум салам, Бета!
– ХIун ду вайн эвлахь керла? Сингаттам боцуш деца?
– Дика Ia. Хьо а лелий могаш?
– АлхьамдулиллахI, къинхетаме а, комаьрша а волчу вайн Далла бу хастам! Ас шена кIезиг йечу Iамале хьаьжча, со ма дика кхобу-кх цо! Нахана моттахь а, башха xIapa дуьне лоьхуш а ма вац со, Тасуха. Эцца сайн ницкъ кхоччучул Далла Iамал а йеш, доьзална оьшучул совдаьлла рицкъа сагIина а луш, Далла дуьхьал ваха кечам беш лела-кх.
Томкано маждинчу мекхашна хьажо пIелг хьоькхуш, къорра велавелира Тасуха.
– Бакъ боху ахь, Бета. Айхьа миска нах а, жоьра зударий а, бобераш а талош летийнчу къинойх цIанвала гIерташ, Далла хьалха ма дукха корта бетта беза ахь. Церан хьакъ текхна вер вац хьо йовмал къематде махьшаре долуш а. Мацах-мацах цкъа, бусалба дин а, йа керста дин а кхолладалале хьалха, адамашна, церан корматалле хьаьжжина, деланаш боькъуш, цхьа дела тоьъна вац, боху. ТIаккха къушна а, совдегаршна а цхьа дела къастийна, боху. Церан корматалла цхьаъ а лерина!
Бетас бIаьрнегIар а ца туьйхира.
– ДIавалахьа, Тасуха, – куьг ластийра цо. – Вайн эвлара со цхьаъ йаа сискал йолуш валар ца лало-кх шуьга. ТIехула тIе, Тасуха, совдегаралла сийлахь а йуьйцу жайнаша. Iалай салат вассалам, Делера салават, салам-маршалла хуьлда цунна, вайн пайхамар а ма хилла ша къона волуш совдегар.
– Амма иза, хьо санна, нах Iехош, къехошна тIера цIока йоккхуш ца лелла.
– Хаац, пайхамаршна, эвлайаашна xIyмa олучух Дала лардойла вай. Амма xIapa дуьне доладелчахьана хьарамло йоцуш совдегар хилла а вац, йа хир а вац. Массо а ву вовшийн Iexo гIерташ. Забарш йуьтур вайша. ХIан, кху йарташкарчу нахера ас цхьацца сурсаташ оьцу. Уьш оьцуш лела а, уьш кхузара дIадахьа а дуккха а хан йеза, къахьега деза, харж йан йеза. ТIаккха масех дийнахь, цкъацкъа масех баттахь а, цIийнах-цIарах, йуьртах-махках а волий, уьш дохка воьду со. Хьан хьоьгур дара и къа, шена жимма а тIе са ца йаьлча? ХIан, оцу хьан вордан чуьра тIаргIа, неI, кхекхий асий, со санначой дIа ца эцча, хьо хIун дан воллура? Кепек пайда а боцуш, довр дара-кх. Уьш эцна хьо Соьлжа-ГIала, ГIизлара, атталла Хаси-Юьрта а гIyp вац. Вахча а, хьо цига базара а вуьтур вац. ГIаланашка-м хьовха, вешан йарташкарчу базаршкахь ца дита а долийна вай-м. Лурчах ШаIми-Юьртан базарахь хилларг ца хезна хьуна? Гой хьуна, нагахь кхета шун хьекъал делахь, ас а, со санначо а доккха гIуллакх до шуна.
Тасухас доккха садаьккхира.
– Сан мостагIчунна ма дойла аш и гIo. Цхьана aгIop Iедало тIе налогаш йетта, xIopa шарахь алсам а йохуш. Уьш дIа ца текхча, салтий а балош вогIий, пурстоьпо, кертахь йелахь, бежана а, газа-уьстагI а, уьш йацахь, цIа чуьра йийбар а дIахьо. XIapa къиза къахьоьгуш IаIийнарг, берийн багара а йаьккхина, цхьанна йохка ваха воьлча, цига а ца вохуьйту. Тхоьгарчу халчу хьолах пайда а оьцуш, шу цхьа нах, цIубдарш санна, тхан догIмех летта. ХIyмма а дац, Бета, цхьа де догIур ду оха шуна и марах доккхуш. Оцу Зеламхас ша Веданарчу оьрсийн совдегаршна диннарг ма дахьара хьуна!
– Цуьнгахьара-м кхерам бацара суна. Цкъа-делахь, Носов санна, хьал долуш вац со. ШолгIа-делахь, Зеламха вайн нохчо ву, тIехула тIе, цуьнан нана тхан цIийнах а йу. Доцца аьлча, сан йишин кIант ву иза.
ТIаьххьара кIур а баьккхина, цигаьрка дIакхоьссира Тасухас.
– Дера хIета, ахь дуьйцург бакъделахь, и шайн нуц а, цуьнан кIентий а лецна Iедало хьийзочу хенахь царна орцахвала везаш ма хиллера хьо.
– Ишттачу гIуллакхана йукъагIерта ницкъ ма бац соьгахь. Со цхьа миска Делан лай ма ву.
Совдегаро, мохь туххуш архаш а ластийна, говраш дIалелхийтира.
– Цуьнан оцу дерстинчу дилха йукъахь доцуш экха дац, – элира Тасухас, совдегар къайлаваьлча. – Борз, хьакха, цхьогал, мукадахка, пашбукъ. Адамашца, цуьнан гIуллакхашка хьожжий, хийцало уьш. Къиза хила везахь а, йамартло, тешнабехк бан безахь а, хьаставала везахь а. Тхан йуьртахо ву Бета. Сан хенара. Iаьлбаг-Хьаьжин гIаттам болчу хенахь эла Авалун къайлах айкх вара иза. МахкатIехь, Хоттанехь, Тевзанахь, Элистанжахь а наха дIа мел баьккхина ког Iедална тIе дIахьош. ТIаккха масех шарахь МахкатIехь йуьртда а лаьттира. Нах талош шай-кай а IаIийна, совдегаралла лело вуьйлира. Амма наха ца вуьтура иза кху aгIop ког хецна ваха. Шозза цIенош а дагийра, йалта а, докъарш а дагадора, даьхни ца дуьтура. Кхузахь шен гIуллакх хир доцийла а хиъна, кхелхина, Шела вахара иза.
Некъахо хIумма а цец ца велира Тасухас дийцинчух. Мацах цкъа хIокхуьнан шен да а ваханера оццу новкъа…
4
Ведана гIопана тIехьара йоккха майда дIалаьцнера базаро. Кхузахь бара беркъа бухабелла гондIарчу йарташкара нохчий а, де довха делахь а, тIейуьйхина кхакханан кетарш, коьрта техкина кхакханан куйнаш а долуш, Iаьндой а, мелардой а, цIадахьарой а. Эшамаша таIийна, стерчий санна Бециш бакъабеллачу царна йукъахь догIмашца а, басца а, духарца а къестара аренгара баьхкина таронаш йолу нах а, кегийра совдегарш а, кху гIопехь гIуллакх деш болу нохчийн, оьрсийн эпсарш а, салтий а, чиновникаш а.
ГIопан тIулгах бинчу лекхачу пенан бохалла хIиттина лаьттачу а, хевшина Iачу а божаршний, зударшний хьалха Iохкура цара шаьш дина дагарш, мангалш, целаш, маьрсаш, пешан гIалакхаш, морзахаш, таьлсаш, бухкарш. Йукъа-кара тIулгашна йукъа пенах диттинчу дечган хьостамех кхозура вертанаш а, бустамаш дохуш кечдина къорза истангаш а.
Цхьана aгIop шайн могIа бара йалтийн, цIеста а, кхийра а пхьегIаш йухкучу дегIастанхойн. Йуьстах, нехан кертех дIатийсина лаьтташ, говраш, бежанаш дара, мацалла чожаш чу а кхетта. Басехьа, доккхачу бIара кIел, гapcex жижигаш, дуьмеш кхозура, оццу могIарехь зударий а лаьттара кхийра пхьегIаш чохь даьтта, моз, виэта, кIалд, нехча йухкуш.
Кхекхий, цIокарчий, тIаргIий бухкучу мoгIape йигна, шен ворда сацийра Тасухас.
Ворданара охьа а воьссина, цу чуьра схьаэцна шен чамда лаьтта а хIоттийна, Тасухин куьг лаьцна, цунна даггара баркалла элира некъахочо. ТIаккха, коьртара картуз дIа а йаьккхина, кисанара схьадаьккхина йовлакх тиллачу коьртах а, йуьхьах а хьаькхна, гондIа бIаьрг туьйхира цо. Уггар хьалха цунна гира базаран майданна тIехула айаделла лаьтта йеттинчу кибарчигех дина доккха цIа. Шуьйрачу неIаран а, шина коран а тIехуле дIалоцуш тоьхначу сийна басар хьаькхначу анна тIехь Iaьpжачу элпашца доккха йаздина дара: «Товары купца Носова». И цIа а, и туька а, йа xIapa базар а йацара ткъе ворхI шо хьалха, xIapa некъахо кхузара дIавоьдуш.