Цкъа а ца гора и когахь пазаташ йоцуш а: йерзина настарш эхьар маьттаза лорура Тавсолтас. Садайча, массо гIуллакхаш дIадерзадой, Тавсолта волчу а хIуттий, ша кхин цунна ца оьшийла хиъчий бен метта ца йолура иза. Цундела, Нурбика даима йекъна йара, амма Тавсолтас: «ХIумма а дац, жIаьлин даьIахк санна, чIогIа йу!» – олий, хастайора и.
Бакъдолуш, йуьртахь а ша саннарш дукха хир боцуш, беркате хIусамнана йара иза. И Тавсолтина а хаьара. ХIетте а, йиллина ладоьгIуш, йулайелла хила дезара цуьнан: данза диснарг сиха гора Тавсолтина. Цкъа а ца хаьара и муьлхачу агIорхьара тIекIирлур ву.
Тавсолтас ша дан дагалаьцна дов цу сохьта ца дора: массо а хIуманна шен меттиг хоржура цо. ХIинца а пхьор диъна довллалц тIаьхьатеттира цо шен къамел. Нара тIехь дIанисвеллачу хIусамдена шенна хьалха кхача а хIоттийна, Нурбикас берашна стоьл тIе йуург охьайуьллушехь, цхьаммо-м неI туьйхира.
– Мегар дуй? – схьахезира оьрсийн зудчун аз. НеI ма-туьйххи а, и мила йу хиъначу Нурседас, хьаьдда йахана, неI схьа а йиллина, Анна Львовна чуйелира:
– Суьйре дика хуьлда шун!
Массара, хьала а гIевттина, хазахетарца тIеийцира хьаша. Нурседас, тIекхетта схьа а эцна, соне хьалаоьллира цуьнан плащ.
– Марша йогIийла, Ана! Хьо ма дика йеа!.. Охьахаа, хIума йаа тхоьца! – элира Тавсолтас, сирла вела а къежна, оьрсийн а, нохчийн а дешнаш эдеш: Анна Львовна, стоьла йуххе берашца а ца хууш, нара тIе, Тавсолтица хиира, ша деанчу гIуллакхна мелла а оцуьнца а бух кечбеш.
Йуучух йукъах а девлла, бераш цу сохьтта, хьешана пapгlaто йуьтуш, арадовла гIоьртира, амма Анна Львовнас, дега дехна, чохь совцабайтира уьш. Нурседа, гирз даьлча санна, шен гIанта тIехь дIасахьера: иза кхоьрура, хIинца, ша а йолчохь, Анна Львовнас и гIуллакх дийца долийча, шен айкхйалар а гучудаларна.
Школера ма-йаллара, йуучух кхета ца кхиош, схьайеанчу Анна Львовнас дезаш дуура, тIера Iаь гIуьтту, чомехь кечдина жижиг-галнаш, нохчаша санна, уьш саьрамсекхан берамала а Iуттуш, йукъ-кара чадица тIе чорпа а молуш. И къаьсттина хазлора Нурбикина. Хьешана йела а къежна, товхана йуххехь лаьттара иза, йуург тIе а йуьллуш. Амма ша охьа ца хуура. Анна Львовнас дийхира:
– Охьахаа тхоьца, хIума йаа!
Цунах кхеттачу Тавсолтас а элира:
– Охьахаа…
Йела а къежна, корта ластийра Нурбикас.
– Муха Iа шу? ЙоI йуй могуш? – хаьттира Тавсолтас, кхуо деанарг хаа шена луъушехь.
– Дика Iа тхо-м… Ниночка а йу детсадехь йеддий, хьаьддий хьийзаш. Шу дахкалой… дуй могуш? – Анна Львовнас а эдора оьрсийн а, нохчийн а дешнаш… Цакхетарг Дауда гочдора.
– Дика Iа… Иван хIун деш ву?.. – цуьнан майра хаьттира Тавсолтас. Он мой хороший изнаком! – тIетуьйхира.
– Иза а ву-кх шен тракторшца воллуш…
– Савва Ильич как? – цуьнан марда а хаьттира Тавсолтас.
– Иза а могуш ву, – жоп делира Анна Львовнас.
Тавсолтина оьрсийниг хуъучул Анна Львовнина нохчийн мотт а хаьара. Бераш, хIума йиъна а девлла, арадовлуш, массарел хьалха араиккхира шех йогу Нурседа; цунна тIаьххье арайелира Селита а.
– Дауд, хьо тхуна оьшур ву, – кIант чохь сацийра Анна Львовнас. Иза, охьа а ца хууш, коре дIахIоьттира.
– Тавсолтан Берсанович! – долийра Анна Львовнас. – Селитас тахана «шиъ» даьккхина, цкъа а ша даьккхина доцу. Оцуьнан бахьана шуьца къасто йеанера со-м.
Тавсолтин йуьхь шатайпа кхоьлира, цхьа бохалун боцу сацам ша бина ваьллачух тера.
Нурбика Дауде хьаьжира. Дауда талмажалла дира.
– Кхин доккхур дац! – хадийра Тавсолтас.
– И муха боху ахь?
– Тоьар ду Iамийнарг! Кхин ца дешча а мегар ду, шиммо а! – тIетуьйхира Тавсолтас къорра декачу озаца.
– ХIундий?! Дешарна дуьхьал ву хьо? – цецйелира Анна Львовна.
– Дешар ша ду, ткъа… доьшу бохуш, эццахула божаршца коьрта Iуьйра хехкабалар ша ду!.. ХIан-хIа! Кхин ког ловзор бац!
– Тавсултан Берсанович! Неханаш-м ма бу доьшуш! Ма делахь и… Хьо-х колхозехь жигархо а, цIен партизан а ву!
Тавсолта IадъIара.
– Хьан кIант, Дауд, школехь комсорг ву! Цунна а эхь хуьлуьйту ахь, Тавсултан Берсанович!
– Бакъду, дада, суна а вон хастам бу иза… со а вуьтур вац цхьа жоп ца доьхуш, – тIетуьйхира Дауда.
Тавсолта IадъIара, амма кIантана цунах бала тарлучу сингаттамах ойла йеш, цIоцкъамаш хабийра цо. ТIаккха, эххар:
– Ас сайн мехкарий школе дешар Iамо бахкийтира, амма коьрта Iуьйра божаршца ловза ца хьовсийра цига, – элира цо бехкбоккхуш.
Нурбика, ишкапа йуххехь, пхьегIаш цIанйечуха, бошхепийн тата а деш, лерана ладоьгIуш лаьттара: цунна чIогIа лаьара зудабераша доьшийла, амма майрачуьнга и хьахо-м ца йаьхьара иза.
– Кхин цхьаъ-м ду, Тавсултан Берсанович!– йухадолийра Анна Львовнас: – Коьртахь йовлакх лелорна а, йа и цалелорна а тхо дуьхьал дац: иза хIораннан а шен лаамехь гIуллакх ду. Эшча ас а туьллу иза-м. Амма и коьртахь цахиларх йоI сий доцуш ларар нийса дац: луларчу ХIирийчохь, ДегIастанахь, Азербайджанехь а массанхьа а ма мега зударий коьртахь йовлакх доцуш а, долуш а.
Лулахойн къаьмнех масалш далийра хьехархочо, Тавсолта диках кхетийтархьама.
– Ткъа хIун ду мехкарша божаберашца цхьаьна дешарх а? Вайн школернаш а, хьан Дауд санна, оьзда кегийрхой ма бу!
Тавсолта вист ца хуьлура. ТIаккха Анна Львовнас аз хийцира:
– Тавсултан Берсанович! Райкомана дIахиъча а, ма товш хир дац xlapa! Ткъа ца хууш дуьсийла-х кхуьнан йац! Iедало а могуьйтур ма дац хьуна, Тавсултан Берсанович, ахь уьш йукъахбахахь.., – Анна Львовнас «Iедало» боху дош хIинца кест-кеста даладора шен къамелехь.
– Дада! Вайн мехкарий школехь оьзда а Iамабо, тIе шаьш уьш ледара а бац… Мегар дац-кх вайна, ахь и дахь, – тIетуьйхира Дауда а.
Тавсолта, хIинца Iедална гергахь оцунах йала тарлучу йуьхьIаьржонан ойла йеш, шена хьалхха охьахьаьжира. XIop ламанхочунна стеннах а кхеравалар эхь ларалойла хуучу Анна Львовнас шен гIортор эццигахь, Тавсолта Iедалх кхерарх а ца йеш, йуха а цуьнан оьздангаллех йан дагалецира:
– Суна-м моьттура… ахь… со лорур йу…
Тавсолта IадъIapa.
– Со-х шун йуьртан хьаша а, дуьххьара шуьга йоьссина, шуьгахь Iийна, шун цIийнан доттагI а йу! – аьлла, Анна Львовна хьалагIаьттира. КIант дега хьоьжура.
– Ас тIаьххьара доьху хьоьга! – элира хьехархочо вас хиллачу, дегабааме озаца.
Тавсолтас, ойла йеш а Iийна, эххар доккха садаьккхира:
– Дика ду!.. Хьо йоцчунна сайн даш тIера вухавер вацара со!.. Дика ду!.. Дешийта!.. Амма.., ахь суна бехк ма биллалахь,… царех цхьаъ школехь коьрта Iуьйра, йа божаберашца ловзуш суна хаалой, и шиъ кхин школехь гур йац хьуна! – тIаккха, Даудехьа а вирзина, тIетуьйхира: – Хьо а хьожуш хила цигахь! Дола де хьайн йижарийн: царна нехан алар далахь, эхь уггар хьалха хьуна кхочу хьуна!.. Дешарх-м, дукха кIуж болу меъ хила аьлла а даций! Вайнехан ламастех вала кийча ву хьо!
– Дика ду, дада!.. – корта таIийра Дауда.
Анна Львовнассий, Даудий, шайн дагахь, цкъачунна тоам бира. Анна Львовнас, Iодика йеш, Нурбике а, тIаккха Тавсолте а, и зуьйш санна, куьг кховдийра. Тавсолтас, шеха велакъежна, корта а хьовзийна, схьаийцира куьг.
– Баркалла! – элира Анна Львовнас нохчийн маттахь.
Хьаша новкъа йаккха тIаьхьавелира Тавсолта а, Дауд а. Тохара дуьйна а дехьа чуьра схьа тидам бен Нурседа, уьш арабовллушехь, схьахьаьдира, кхин дан собар ца хилла, гIуллакх муха чекхдаьлла а, шен айкхйалар гучу ца долуш дисинийла а хьажа. Нурбика сирла йелакъажарх кхеттачу Нурседин сакъераделира:
– Нана, ас гlo де хьуна? – аьлла, хьаькназца пешара йукъ дIайаккха хIоьттира и.
Анна Львовна новкъа а йаьккхина, вухавогIу Тавсолта а, Дауд а цхьаьний даьхнийн керта воьду а гина, Селита хьехархочунна тIаьхьа йедира, маракхетта, бартбелира цунна. Иза кхин а новкъа а йаьккхина, йухайеанчу Селитас, тIехьашха тIекхетта, Нурседа маркъевлира, бесни тIе оба а олуш. «Доьшур ду!» – декара шиннийн а дагахь, тIе, Селитин ойланехь къайллах, «Увайс а хир ву денна гуш», – бохург а лекхалора. Нурседа шен дагахь йоккхайера, хIинцца баьккхинчу оцу толамца шен а дакъа хилар дагадеъна: «Къовса деза даима а!» – сацийра цо даг чохь. Цул тIаьхьа шиннийн а ойланаш Анна Львовнехьа йирзира: «Ма хьекъале йу и», – элира Селитас… «Цу тIе, ма хаза а йу!» – тIетуьйхира Нурседас. Шаьшшинне иза денна а гушшехь, хIинццалц схьа тидам ца хилла хьехархочун хазалла а хIинца ма-йарра дуьхьал тесира царна. Шинне а хIинца шайн хьехархочун амат, цуьнан хазаллин барамехь дуьхьал хIуьттура.