Цундела Анна Львовнас тIе ца оьцура шен мардас Савва Ильичо кест-кеста Сталинна йо кхиссарш. Иза кхеттане а ца кхетара хIунда вац-те Сталинна муьтIахь, ширачех партиец а хилла, Зимний йоккхуш а дакъалаьцна, Смольнехь Ленинна гIароллехь а лаьттина волу Савва Ильич. Анна Львовнас и шега хаьттича а, Савва Ильича мегарг жоп ца лора. Доцца олура:
– Со кхечу хьесапехь ву…
Сталинан чIагIделла даьлла луьра низам гуш, Савва Ильична ца лаьара, шен кIентан зуда – Анна Львовна, цуьнан шен дагахь дIахIоьттина даьллачу ойланийн куьцах и эрна йохош, хIинца, цунна кхераме долчу, кхечу хорша йаккха. Амма Савва Ильич дукха хенахь дуьйна а шек вара Сталина а, цуьнгахьа бевллачара а, Ленин веллачул тIаьхьа дIакхоьхьу некъ, харц хилла ца Iаш, йамарт хиларх. Дуьххьара шеквелира и Сталинах I930-чу шерашкахь, цо, хьалхалера шира ленинцаш дIа а теттина, церан метта шега ладугIу болу, кхиберш хIиттийча. Кхин а чIогIа дог делира Савва Ильичан Сталинах, цо, цхьацца цIерш а тохкуш, шена резабоцурш хьаша болийча. Ца тайра: цо НЭП дIалакъор… ДIайевлла «тIеман коммунизман» амалш карлайахар… Кулакаш дIабоху а бохуш, йуьртабахамхой бохабар…
ХIан–хIа! Уьш лаццане тIе ца лоцура Савва Ильичан даго, амма хIетте а и IадIара, ЦК-н а, партин пленумаша а Сталин бакъвар а гой. Эххар, шен собар кхачийча, I934-чу шарахь, партин съездехь, Ленинградерчу делегацица волчу Савва Ильича къайллаха дIайайъира Сталинан цIе харжаман кехатана тIера. Делахь а Сталин йуха а хаьржира. Амма Сталина хIаллакбира цу съездан делегатех дукхахберш а. Савва Ильич цецвуьйлура Сталинан массо а хIуман тIехь а аьтто баларх.
Сталинна новкъахила тарлург а, шен хеннахь, йа «ша–шаха» лара: Менжинский, Дзержинский, Фрунзе, Горький, Крупская; йа цхьамма воьра: Киров, йа баланза бисина резабоцурш, реза ца хила мега-кх аьлла, шена хеттарш а Сталина, нуй хьоккхий, ша хIаллакбора, партера цхьа а дуьхьало ца хуьлуш. Къаьсттина тамаш бора Савва Ильича, паччахьна дуьхьал майрра къийсам латтийначу, эзар Iазапе ца къарлуш, чекхбийлинчу ширачу революционераша, Сталина шайна йойтучу суьдашкахь, боцу бехкаш тIе а оьцуш, Сталинна луъучу кепара шаьш-шайн бехке барх: паччахьна шаьш лелийначунна а ца дина мукIарло, хIинца шайн боцчу бехкана Сталинна хIунда до-те цара? – олий, хетара Савва Ильична…
Эххар тийнна шен болх а беш Iаш волу xlapa а I939-чу шарахь, тIе а кхайкхина, партера дIа а воккхуш, (мацах цкъа Зиновъевгахьа хиллера хьо аьлла) Ленинградера араваьккхира, столицашкахь ваха бакъо а ца йуьтуш. КIеззиг Киевехь а Iийна, цигара а араваьккхина, кIантана тIе, кхуза схьавеара xlapa, тIом балале шо хьалха. «ХIинца а хIун хир ца хаьа», – бохуш, гIийла ойланаш йеш, уьйтIахула а лелла, йуха зала чу веъна, Анна Львовнина йуххе охьахиира Савва Ильич.
– Декъала хуьлда Сталин – таханлера вайн Ленин, вайн ирсан тешаме гIорто, массо а къинхьегамхойн сийлахь-воккха тхьамда! – аьлла, чекхйаьккхира лейтенанта доклад.
Массара а, хьалагIевттина, чоь йекош тIараш туьйхира. Охьахевшира. Беснеш цIий а йелла, хьаьж тIе дайн хьацар а тоьхна, шен дика нисделлачу къамелах воккхаве лейтенант, тIевеана, Селитина йуххе гIанта охьахиира. Селитин тидам хилира: лейтенантан бесни тIера беса мо а кIеззиг цIийбеллера.
Доклад дIайаьлча, зала чуьра гIанташ дIасахилийна, меттиг а кечйина, школин самодеятельносто, эскарера баьхкинчу хьешашна нохчийн хелхарш гайтира. Массеран а самукъаделира детсадерчу Ниночкассий, Каташий цхьаьна баьккхинчу вайнехан хелхаран болах. Шаьш хелхадевлла довлуш, берийн гIабали йуьйхина йолу Ниночка, ког тасабелла, охьакхийтира. БIаьрга буй а хьоькхуш, цIенкъа йуккъехь йоьлхура иза. ТIеваханчу Каташа, шен «чоин» тIам йуха а тосуш, куьг лаьцна, дIайигира иза, берриш хьуьйсуш а болуш. Ниночкица тIе а веана, Кесирина йуххехь Iачу лейтенанте куьг кховдийра Каташа:
– Хьо а валахьа хелха!.. Хаьий хьуна?
– Хаьа-те!.. И мегар ду! – самукъадаьллачу лейтенанта зала йуккъехь оьрсийн «чечетка» хелхар дира. ТIаккха цуьнан накъост велира. Йуха, Нурседица Расул ваьккхира. Расула дина тIахъаьлла хелхар кхин а хазахийтира хьешашна. Эхь хета Селита, ша хелхайаккха хьовзаяле, Савва Ильична тIехьа тебира.
Керим тIаме вахчахьана школин директор йолчу Кесирас, гулам чекхболуш, баркалла элира хьешашна а, хIокху суьйренна дика кечам бинчу комсомольцашна, – Даудний, Увайсаний а, даггара школин гIайгIа бечу Расулна а. Цуьнан цIе йаьккхича, Нурседин йуьхь къегира…
* * *
Расул кест-кеста вогIура цул тIаьхьа школе, йаго хIума оьшийла хьажа.
Школехь шело кхин ца хаалора. Амма Даймахкана тIехIоьттинчу кхерамо кхолийна латтайора адамийн дог-ойла.
Радиочухула, дикторан гIийлачу озо схьахоуьйтура фашисташа Ленинградна го лаьцна хилар, цигара адамаш мацалло таIабар. Дуьненахь уггаре хазачех йолу и шахьар, цуьнан хазалла ца кхоош, чуьрачу адамех а къа ца хеташ, фашисташа денна а йохош лаьттара, чу йаккхий тоьпаш, бомбанаш йетташ. Бераш мацаллех дадийна догIу хIордан кеманаш а, тухий, хин буха дохуьйтура берашца.
Амма мокхазах тера лаьттара ленинградцаш. Цаьрга радиочухула дерриг а советски халкъан цIарах кхойкхура генарчу къеначу казахо:
– «Ленинградхой! Гур дац эшна шу! Къена Джамбул шух дог тешна ву».
ДЕН ВЕСЕТ
Мархех халла чекхъйуьйлучу маьлхан зIаьнарша гIийла къагийна башлаьмнийн кIайн кортош бен доцуш хьуьйсура карзахдаьллачу дуьнене.
Сендала тIаьхьадахана аьрцнаш сингаттаме гора. Март беттан йуккъера ши-кхо де къегира, «хIинца-м бIаьсте а еъна ели» моттуьйтуш. Амма оццу деношкахь ТавсолтагIеран уьйтIахь xlop шарахь а кхеран кхура тIехуу алкханч, йажа лаьтта охьайоьссинчохь, боргIало, тIекхетта, зIок а йиттина, йийна Iуьллура. Цуьнга охьахьаьжначу Тавсолтас элира:
– БIаьсте йуьйхи… Кхунах бIаьсте хир йац… Май тIекхаччалц.
Баккъал а цул тIаьхьа денош дехха лаьттира шийла, кест-кеста догIанаш а доьлхуш, бIаьсте цкъа а йаьлла йер йуй-те аьлла, хоьтуьйтуш. И кхоьлина денош къагош, радиоссий, газеташий Эскинойчу хаза кхаъ беара: фронтехь а цхьана полке нисвеллачу Иван Саввич Терентьевний, Албастов Керимний, цара «Даймахкехьарчу тIамехь гайтинчу хьуьнаршна», БIаьхаллин ЦIечу Байракхан орденш йеллера. Газеташ вовшашка кар-кара а кхийдош, баккхийбера дешархой а, хьехархой а.
Школин кертахь гулйинчу йуьртахойн митинган президиумехь эсала ул–уллохь Iapa Анна Львовний, Кесирий. Ниночка кара а лаьцна, военкомна йуххехь дIанисвеллера Савва Ильич. Корта а айбина лелара Увайс.
Райкомпартин векало Далхьада шен къамелехь билгалдира xlapa де шозза а хаза хилар: Ленин вина де а дара таханлерниг! Чекхволуш, цо кхайкхира массаьрга а Албастовн, Терентьевн бIаьхаллин хьуьнарех масал оьцуш, тылехь шайн декхарш кхочушдаре. «Асланбек Шериповн» цIарахчу бронепоездана ахча гулдаран а, йуьртахь пачхьалкхан заем йаржоран а верас волчу Тавсолтас хаийтира оцуьнан план Эскинойхь хенал хьалха чекхйалар а, тIе, Даймахканий, Советан Iедалний эшахь «шайн тIаьххьара меже а дIайала Эскинхой кийча хилар а!»
Албастов Увайса шен къамелехь кегийрхойн цIарах элира:
– Ас тешалла до тхо кестта, цхьа-ши бутт баьлча, школа чекх ма-йаьккхи, тхешан берхIитта шераш дузаре ца хьоьжуш, баккхийчарна тIаьххье фронте дIагIуриг хиларх…
Чохь тIараш дийкира.
Селитин тидам хилира: Увайсан хадийна пIелг, цо куьг лелош, вуьйш санна, кхоччуш нис ца лора. Нурседас, лере а таьIна, элира:
– Хьажахь, тапчин лаг озош санна, сеттинчохь биси-кх цуьнан и.
Селита йелакъежира и цунна дага дарах. ЙоьIан йелакъажар шена ду моьттина, Увайс, къамел дIадерзош, Селитегахьа хьаьжира:
– Оха дош ло шуна, – элира цо, «шуна» бохучу дашна тIехь аз а чIагIдеш. – Тхаьш мел халонгахь хиларх, вайн халкъана а, шуна а хьанал хила!
Хьалхарчу могIарехь Iачу Тавсолтас, резахилла, можах ка хьаькхира. Нурседас, шен пхьарс Селитас йухаийзошшехь, куьг айира. Вухахьаьжначу Тавсолтин цIоцкъамаш хебира: «Ванах, кийчча йуьхьIаьржо йу-кх и йоI… Кху нахана йуккъехь хIун ала йоллу-те и хIинца?!»
– Вай тахханехь тIелаца деза, – аз айдина элира Нурседас. – Вешан турпалхойн – Албастов Кериман, Иван Саввич Терентьевн сийнна, кху йесса лаьттачу школин кертахь хIокху бIаьста беш йогIар! И хоуьйтуш, цаьрга йукъахь кехат йаздар а!