Литмир - Электронная Библиотека

«Гур буй-те йуха Даймохк? Гур дуй-те кхин нохчийн маттахь газета, книга?… хезар дуй-те радио чухула ненан маттахь къамел? – хоьттура цо ша-шега, бІаьргех оьху дуьра хиш дІа а хьоькхуш. Ткъа Маил тешна ма вара тхуна тІехь хІоттийна хІара хьал Сталинна ца хууш, иза Іехийна, хІоттийна хиларх, дерриге ма-дарра шена и хиъча, цо тхо тхешан махка дерзориг хиларх… Ткъа Маила цкъа а ца олура харцдерг…».

Зану тешара мацца а цкъа шаьш дай баьхначу лаьтта тІе доьрзург хиларх. ХІораммо а санна, цо а шаьш новкъа девр долу денош дохкура. Новкъа йогІуш цхьаьний пхи-йалх машина гича, станцешкахь йаьсса лаьтташ цІерпоштан вагонаш йара аьлла хезча, хІор а дог теший хуьлура уьш шаьш дІадига кечйина хиларх.

«ХІаъ, тхо-м, дийна диснарш-м, мацца а цкъа цІа доьрзур ма дара, – ойла йора Занус, – Даймахке са а туьйсуш, цуьнга а кхойкхуш, кхузахь лаьттах баханчийн къа ду-кх. Маил, сан хьоме Маил, хьо суна хир вац-кх…»

Оццу цхьана ойланаша дІалаьцна ши зуда кхин вовшашка йист ца хилира йуьрта йоллалц.

ІІ

Кхоьлина деана де къаьсттина а сингаттаме хуьлура Николай Кузьмична. Йочанца цхьаьна лаза йолура цуьнан хадийна ност. Лазарша карладохура тІеман хьалхара буьрса денош.

Немцойн фашисташа, тІе Іожаллин дарц детташ, хІаллакдора машаре адамаш, сийначу цІарах йогура йарташ, гІаланаш, адамо эзарнаш шерашкахь кхоьллинарг…

Хьомечу Украинин латта мостагІчунна а дуьтуш, дегнаш къуьйлуш, малхбалехьа йухадийлар. Цаьрца цхьаьна, шаьш иттаннаш шерашкахь гулбина бахам а буьтуш, малхбалехьа уьдура фашистийн олаллин а кІел совца ца луу зударий, бераш, къенаниш.

Эххар а – Волга-хин бердаш. Кхин дІа йухадовла бакъо йац! Кхузахь Толаман Де тІекхачале, минометан снарядо аьтту ност оту…

Эзар исс бІе шовзткъе шолгІачу шеран берхІитталгІачу ноябрехь цІен бос а богуш, элдарчу дегІахь, каде, самукъане хилла гвардин капитан Бороденко шолгІачу дийнахь дуьйна тІеман гІуллакхна пайденна хуьлучуьра дІавелира гуттаренна а.

…Йеха санитарни цІерпошт. Йуккъера Ази. Ташкент, кхузахь госпиталехь – кхо бутт…

Госпиталера протезций, Іасанашций араваьлла иза хІетахь дуьйна ву кху гІиргІазойн лаьмнашкахь. Столыпинан заманахь кхуза кхелхинчу украинцаша йиллинчу йуьртахь болх беш вара. Йуьхьанца – историн а, географин а хьехархо, тІаккха – ишколан директор.

Хьанна моьттура, хІара дахар иштта хаьрцар ду. Ткъа цуьнан сатийсарш, дахаран Іалашонаш?

Карлайелира ша Киевски университетан исторически факультетехь доьшуш хилла хан. ХІетахь цо шен дахарна хьалха йаккхий Іалашонаш хІиттайора. Уггар хьалха – Іаьржа йеха месаш, жугІара бІаьргаш долу аьрха Света Пантелейчук йало. ТІаккха, дика дешарца университет чекхйаьккхина, цхьаьний аспирантуре даха, шиннех а Іилманчаш хила.

Іалашо кхочушхуьлуш дІайоьдура, Светлана а йалийра. Шиммоа тІехдика чекхйаьккхира университет, ший а аспирантуре дахара.Николай Россин XIX бІешеран исторех дисертаци йазйеш вара, ткъа Светлана – арахьарчу мехкийн керлачу исторех. Амма эскарехь гІуллакхдан кхайкхаро, Николайн Іалашо цкъачунна йукъахйаьккхира. Делахь а, иза цуьрриг а шеквацара. Диъ шо дукха хан ма йац. Иза-х къона вара, цуьнан шортта хан йара аспирантура чекхйаккха а, шен Іалашо кхочушйан а. Цо тоамбора зудчун кхиамех. Николайс эскарехь гІуллакх дешшехь, Светланех историн Іилманан кандидат хилира. Иза цхьана Іилманан-талламан институтехь балхахь йара. Кхуьуш жима кІант а вара цаьршиннан. Николайн къеначу нанна шел ирсе стаг дуьненахь а вац моьттура.

ЦІеххьана – тІом. Цо дохийра Николайн доьзалан ирс. ТІом болабеллачу хьалхарчу деношкахь фашистийн бомбанаша дийра Николайн нана а, зуда а, кІант а…

Іилманча а цунах ца хили. Доьзал а бац. Аттала цуьнан ирс ца хили, и хьердаьлла фашистски экха, лаьллина, малхбузехьа а дигна, ша схьадаьллачу тунгари чу а доьллина, цигахь цуьнан корта отуш дакъалаца а. Ткъа цуьнан бІаьхаллин накъостий цига кхочуш лаьтта. Советски латта тоххара цІандина фашистех. ХІинца тІом Германин махка тІехь бу. Стохка дуьйна шаьш бинчу меттигашка йуха дІаоьху тІом болчу хенахь малхбалехьа кхелхина бахархой а. Цигахь йухаметтахІиттош йу йарташ, гІаланаш. Ткъа гвардин капитан хилла, амма хІинца заьІап хьехархо Бороденко кxy лаьмнашка а хиъна Іа.

ХІун дийр ду цо? Дийна йисина йиша а фашисташа Германе дІайигна. Хууш дац, иза дийна йу йац а. Цига йухавирзича а, дерриге а карладийр ду. Йуха а бастабаларна кхоьру хено берзийна деган чевнан муо. Изза кхоллам бу цуьнан зудчун а. Кху эвлахь, кху школехь девзина цаьршинна, кхузахь бозабелира цаьршиннан кхоллам.

Цуьнан майра а вийна Смоленскна уллохь хиллачу тIамехь, Курскехь йийна жима йоІ а. Цунна а ца лаьа Курске йухайерза.

Хало шераш ду хІорш. Цхьа къена нах боцурш, берриге а божарий фронтехь бу. Йуьртбахаман гІуллакх дерриге а зударийн кочахь дисина. Партийни а, советски а, колхозан а куьйгалла xІокху кхааннан карахь ду. Иза ша парторганизацин секретарь ву. Анастасия Федоровна – йуьртсоветан председатель, тІеман заьІапхо Сапар – колхозан председатель. Цара шайн ницкъ ца кхоош къахьоьгу фронтана. Дерриге а толамна, дерриге а оккупацех паргІатйаьхначу малхбузен областашна дІахьийзадо цара. Хала-м ду, амма йуьртара цхьа а вахархо вац чІеІаш. Царна хаьа, мостагІ вохийна, дІаваьккхича бен, Даймахкахь машаре дахар хІуттур доцийла. ХІинца цкъа-м хІор а доьзалехь бала бу. Дукха хан йу ловзарш, эшарш, самукъане иллеш ца хеза.

Йоьхначу тІе а таро йохийна нийсса шо хьалха кхуза балийначу нохчаша. ДІадаханчу шарахь, хІорш кхоъ мел гІертарх, цара латта дIа а ца дийра, массара а колхозан балха тІехь дакъа а ца лецира. Шаьш тахана-кхана Кавказе йухадоьрзур ду моьттуш, Іехабелла къинхьегамна йуьстахбевлла Іийра. Ткъа хІинца цаьрга мацалла хІоьттина. Махкаллин цамгарша ницкъ эшийна церан. Баларш хуьлу денна. Ткъа йуьртарчу Іедалан, колхозан а ницкъ бац царна гІо дан.

Складашкахь йолчух кІез-кІезиг дІало царна, амма цунах кхачо хилац. Шайга терра халачу хьоле хІиттийна цара бухара бахархой а. ТІом боцчу хенахь-м хІуттур дацара цаьрга и хьал, ткьа хІинца хала ду-кх.

Иза оцу гIайгІанечу ойланех йукъахваккха санна, цкъа-шозза меттах а хьайна, велхаозийра гаьнгали чохь вижина Іуьллу церан жима Вова. Николай Кузьмича, доккха са а даьккхина, шен кара къолам а эцна, хьалхауьйзира бицбелла Іохку Мария Петровнин дешархойн йозанан белхаш.

КІант а техкош, белхаш талла вуйлира иза. Амма хІинца цуьнан коьрте керла ойланаш хьийзара. Бес-бесара кехаташна, кехатийн кескашна тІехула йазйинчу хІор а цІеран шен-шен, амма цхьатерра биографеш йара. Петькин, Витькин, Аллин а дай фронтехь хІаллакьхилла. Доь доцуш вайна Маринкин да а. Любин да Прагехьа хьалхатеІаш ву, амма нана цомгаш Іуьллу.Ткьа Володин ваша, могІара салти, шина орденан кавалер ву. Машаре зама йелхьара, оцу берийн йаххьаш берийниш санна хир йара, ткъа хІинца уьш къеначу нехан санна йу.

Аьстамиров Берсин болх карабеача, цунна бІаьргашна хьалха хІутту Іаьржачу аматехь оза шийтта шо хенара жима кІант. Цуьнан баккхий кхиамаш бу литературин а, историн а, географин а предметашна. Амма иза ларавац оьрсийн меттан грамматикица. Николай Кузьмична гІайгІа хуьлу цуьнан болх таллар. ХІор а дашехь шишша-кхоккха гІалат. ХІетте а, Николай Кузьмична лаац, шиъ а диллина, цуьнан догдохо. Къинхьегамна тІера, дешарехьа боккха безам болуш, хьекъале бер ду иза. Цул сов, цаьршинна йуккъехь цІеххьана цхьа шатайпачу хьолехь кхолладелла доттагІалла ду…

* * *

Йуьртан а, школан а куьйгалхой мел чІогІа гІертарх а, церан ницкъ ца кхаьчнера школехь доьшу хан йолу нохчийн бераш дерриге а дешарна йукъаозо. Цуьнан кхоъ бахьана дара: нохчийн берашна йа гІиргІазойн а, йа оьрсийн мотт а ца хаьра. ХІокху махках а, кхузарчу къаьмнех а боьлла цахилар, шайна тІехІоьттина хало а. Цундела, школан хьехархойн коллективо къаьсттина а йоккха терго йора доьшуш долчу нохчийн кІеззигчу берийн. Занятеш чекхйевллачул тІаьхьа биллина дІа цаьрца болх бора, харцахьара лелча а, гечдора. Шаьш иштта церан догъэцча, важа дисина бераш а школе дахкаре догдохура хьехархоша.

3
{"b":"839349","o":1}